Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:32

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондарш тӀехь ала езаш йолу Даудан хьехаме назма.

[2] Дела, сан доӀа дӀа а хазахь, сан дехарх къайла а ма валахь.

[3] Сан тергам а бехьа, суна жоп а лохьа. Сан дог а доьхна, со гӀайгӀанехь а ву. Со карзахвуьйлу,

[4] мостагӀчун аз хазарна а, Ӏесачара суна гӀело ярна а, хӀунда аьлча цара суна дуьхьал зулам а леладо, уьш дераллица дуьхьал а бевлла суна.

[5] Сан кийрарчу даго а хьийзаво со, Ӏожаллин къемато а дӀалаьцна со.

[6] Кхерар а, вегавар а тӀедеана суна, Ӏада а вина, воьхна хьийза со.

[7] Цундела ас элира: «Кхокханан санна долу тӀемаш суна хьан лур дара? Со, тӀема а ваьлла, паргӀатвер вара.

[8] Со, генна дӀа а вахана, яьссачу аренгахь вуьсур вара.

[9] Йилбазмохах а, дарцах а со дӀалачкъа сихлур вара».

[10] Хьалдолу Эла, меттанаш э а дай, къамел карзахдаккхахьа сан мостагӀийн. Къизалла а, барт цахилар а го суна гӀалахь.

[11] Дийнахь а, буьйсанна а цу гӀалин пенаш тӀехула го боху цара. Цу гӀалахь зуламаш а, баланаш а бу.

[12] Цунна чохь бохамаш а хуьлу. Цуьнан майданашкара нахана гӀело яр а, мекарлонаш лелор а дӀа а ца долу.

[13] Ткъа сан мостагӀа вац со емалвийриг – иза-м ас ловр дара. Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац – цунах-м со къайлавер вара.

[14] Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг – сан уллора доттагӀа, со тешна Ӏаш верг.

[15] Вайшиммо вовшашка дагара а дуьйцура, адамийн тобанна юкъахь вайшиъ цхьаьна Делан цӀийнан керта а воьдура.

[16] Сан мостагӀашна тӀе цӀеххьана Ӏожалла йогӀийла. Дийна боллушехь уьш эхарте боьлхийла, хӀунда аьлча вониг царна юкъахь долуш ду, вониг церан дегнаш чохь долуш ду.

[17] Ткъа со-м Деле кхойкхуш ву, Везачу Эло со кӀелхьар а воккхур ву.

[18] Суьйранна а, Ӏуьйранна а, делкъахенахь а со латкъамаш беш а ву, узарш деш а ву, ткъа Цунна сан аз дӀахезар ду.

[19] Суна дуьхьал бинчу тӀамах Цо со маьршачу метте воккхур ву, суна дуьхьалбевлларш алссам белахь а.

[20] Азалера дуьйна олалла деш волчу Далла со дӀа а хезар ву, Цо уьш сийсаз а бохур бу. Уьш цкъа а хийца ца бели, хӀунда аьлча уьш Делах кхоьруш бац.

[21] Сан доттагӀа хиллачо шен накъосташна дуьхьал куьг айдина, цаьрца ша бина барт цо боха а бина.

[22] Цуьнан бага даьттанал а кӀеда ю, амма цуьнан даг чохь мостагӀалла ду. Цуьнан дешнаш зайтдаьттанал а кӀеда ду, ткъа уьш, баттара даьхна тарраш санна, ира ду.

[23] Хьайн гӀайгӀанаш Везачу Элана тӀеяхка, ткъа Цо хьо чӀогӀа лоттуьйтур ву. Шен лаамехь верг Дала цкъа а дӀасатоьхкуьйтур вац.

[24] Амма Ахьа, Дела, уьш кӀоргачу эхарта чу туьйсур бу. Адамийн цӀий Ӏеночара а, мекарлонаш лелочара а шайна дуьнен чохь яккха еллачу хенан аххан а йоккхур яц. Ткъа со Хьох тешна Ӏаш хир ву.

Забур — Chapters