Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:20

[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Сулим-паччахьан назма. Нагахь цӀа Везачу Эло Ша дойтуш дацахь, иза дечара эрна къахьоьгу, нагахь Везачу Эло гӀала ларъеш яцахь, гӀаролан сема хилар эрна ду.

[2] Эрна ду шун хьалххе хьалагӀовттар а, хан яллалц Ӏар а, хьацарца даьккхина бепиг даар а. И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, иза вижина Ӏуьллушехь.

[3] Бераш Везачу Элан тӀаьхье ю, уьш Цо делла совгӀат ду.

[4] ТӀемалочун карахь долу пхерчий санна бу ден къоначу хенахь бина болу кӀентий.

[5] Ирс долуш ву цаьрца шен Ӏад-ботт хьалаюьзнарг! Иза юьхьӀаьржачу хӀуттур вац кевнехь ша мостагӀашца къамел дечу хенахь.

Забур — Chapters