[1] Хастам бу Везачу Элана! Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
[2] Везачу Эло мел дина сийлахь гӀуллакхаш хьаьнга кхайкхалур ду? Цунна боггӀу хастамаш кхоччуш хьаьнга балур бу?
[3] Декъала ву бакъдерг лардеш верг, массо а хенахь нийсо лелош верг.
[4] Веза Эла, Айхьа Хьайн къомана диканиг дича, суна а дехьа иза, Айхьа уьш кӀелхьарбохучу хенахь, суна а орцахвалахьа.
[5] Ахьа хаьржинчеран хуьлу беркат суна гайтархьама а, Хьан къомаца цхьаьна соьга сакъерийтархьама а, Хьан долахь болчаьрца соьга а Хьох дозалла дайтархьама а.
[6] Тхайн дайша санна оха къинош летийна. Оха вонаш а дина, Ӏеса а лелла тхо.
[7] Тхан дай Мисар-махкахь болчу хенахь, Хьан тамашийначу хӀуманех уьш ца кхийтира, Хьан безам шайна мосазза гойту дага а ца догӀуш, уьш Эрзийн хӀорд болчохь Хьуна дуьхьалбевлира.
[8] Амма Цо уьш Шен цӀе бахьана долуш кӀелхьарбехира, царна Шен нуьцкъалалла дӀагайтархьама.
[9] Цо Эрзийн хӀордана омра дича, иза бакъабелира. Хих, гӀум санна, екъа хиллачу меттехула Цо уьш дӀабигира.
[10] Цо уьш цабезачийн куьйга кӀелара схьабехира, мостагӀех уьш кӀелхьар а бехира.
[11] Хино къайлабехира церан мостагӀий, царах цхьа а кӀелхьар а ца велира.
[12] ТӀаккха Цо йинчу чӀагӀонех уьш тийшира, Цунна хастамийн эшарш а лоькхура.
[13] Амма кестта Цуьнан гӀуллакхаш царна дицделира, Цуьнан хьехамашка а уьш ца хьоьжура.
[14] Яьссачу аренгахь уьш лаамех буьзира, эрначу оцу аренгахь цара Дела зийра.
[15] Цара дехнарг Цо царна дӀаделира, амма шатайпа долу хала ун царах кхетийтира.
[16] Меттаматтара нах Мусах хьега буьйлабелира, Далла гӀуллакх дан къобалвинчу АхӀаронах а хьийгира.
[17] ТӀаккха лаьтто, дӀаса а декъаделла, Датан дӀакхаьллира, Абирамна тӀаьхьахӀоьттина тоба лаьтто дӀайоьллира.
[18] Царна тӀаьхьахӀиттинчарах цӀе елира, Ӏеса мел берш алуно дӀакхаьллира.
[19] Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгӀа йира, лалийначу деших винчу оцу цӀунна Ӏибадат а дира.
[20] Цара шайн сийлалла йолу Дела хийцира буц Ӏуьйшуш лаьттачу стеран суьртах.
[21] Цара шаьш кӀелхьардаьхна волу Дела вицвинера, Мисар-махкахь тамашийна хӀуманаш дина волу,
[22] Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь Ӏаламаташ дина волу а, Эрзийн хӀорд болчохь ларамах бузуьйту хӀуманаш дина волу а.
[23] Везачу Эло уьш хӀаллакбийр бу аьллачу хенахь, Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дӀахӀоьттира, Везачу Элан дералла нах хӀаллакбечуьра дӀа а ерзийра.
[24] ТӀаьхьо церан дог делира исбаьхьачу лаьттах, Дала йинчу чӀагӀонах уьш ца тийшира.
[25] Шайн четарш чохь хамталлаш дан буьйлабелира уьш, Везачу Эло бохучуьнга ла а ца дугӀуш.
[26] ТӀаккха Цо айдинчу куьйгаца царна чӀагӀо йира, уьш яьссачу аренгахь балийта а,
[27] церан тӀаьхьенаш кхечу къаьмнашкахула дӀасаяржо а, уьш хийрачу мехкашкахула дӀасакхисса а.
[28] ТӀаккха цара ПаӀорехь волчу БаӀал-цӀунна Ӏибадат дарехь дакъалоцура, шайна чохь дахар доцучу харцделанашна даьхначу сагӀанех хӀума йоура.
[29] Шаьш лелориг бахьана долуш Дела оьгӀазъоьхуьйтура цара, тӀаккха царна тӀе ун доьссира.
[30] Амма Пайнехьас, дӀа а хӀоьттина, юкъарло йира, тӀаккха и ун дӀасадаьржачуьра сецира.
[31] Цо иза бакъахьара гӀуллакх санна лерина, массо а ханна, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка.
[32] Мерибан хиш долчохь адамаша Веза Эла оьгӀазвахийтира, ткъа уьш бахьана долуш, Мусана бохам баьккхира.
[33] Цара Мусан синна халахетийтира, ткъа цо, ойла а ца еш, бага туьйхира.
[34] Везачу Эло цаьрга халкъаш хӀаллакде аьллера, ткъа цара и тӀедиллинарг кхочуш ца дира.
[35] Мелхо а, уьш кхечу къаьмнех болчу нахах дӀакхийтира, царна юкъахь лелаш долу гӀиллакхаш а шайна Ӏамийра.
[36] Церан цӀушна Ӏибадат а дора цара, тӀаьххьара а царах гур а хилира царна.
[37] Цара шайн кӀентий а, йоӀарий а жинашна сагӀина дӀалора.
[38] Цара бехк боцу цӀий Ӏанадора, шайн кӀентийн а, йоӀарийн а цӀий, уьш канаӀанхойн цӀушна сагӀина дӀа а луш. Церан цӀий бахьана долуш латта бехдира цара.
[39] Цара шаьш бехдира шайн гӀуллакхаш бахьана долуш, Далла тешаме ца хилира шайн сийсаза лелар бахьана долуш.
[40] Цундела оьгӀазвахара Веза Эла Шен къомана, дегаза хийтира Цунна Шен долахь берш.
[41] ТӀаккха Цо уьш хийрачу махкарчу нехан кара дӀабелира, тӀаккха царна тӀехь куьйгалла деш церан мостагӀий дӀахӀиттира.
[42] МостагӀаша гӀело йора царна, церан куьйга кӀелахь уьш къера хилла дӀахӀиттира.
[43] Везачу Эло дукхазза а кӀелхьарбохура уьш, амма царна Цунна дуьхьалбовла лаьара, уьш шайн къинойн уьшал чу кхин а кӀорга чубахара.
[44] Ткъа Цо тидам бира уьш гӀайгӀанехь хиларан, церан орца даккхар Шена дӀахезча.
[45] Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира.
[46] ТӀаккха уьш йийсарехь латтош мел болчаьрга Цо царах къинхетам бойтура.
[47] КӀелхьардахахьа тхо, тхан Веза Дела, схьагулдехьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьайн цӀе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.
[48] Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла азалехь дуьйна абаденналц! Массо а халкъо олийла: «Амин!» Хастам бу Везачу Элана!