Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:33

[1] Даудан назма. Декъала ву Веза Эла, Иза сан тарх ю. Цо тӀамана кечвина со, сан куьйгаш лата Ӏамийна.

[2] Суна тешаме Верг, сан ГӀап, сан къайлаволу Меттиг, со КӀелхьарвоккхург, сан турс – сан Цунах дегайовхо ю. Цо сан куьйга кӀел даладо сан халкъ.

[3] Веза Эла! Мила ву стаг, Ахь цуьнан гӀайгӀа бан, адамийн кӀант тергал хӀунда во Ахьа?

[4] Адам хьоькхучу махах тера ду, цуьнан дахар а дацлуш долу ӀиндагӀ ду.

[5] Веза Эла! Хьайн стигалш дӀаса а таттий, чувоссахьа. Лаьмнех хьакхалохьа, тӀаккха цара кӀур тосур бу.

[6] Стелахаьштиг тохий, мостагӀий дӀасакхиссахьа, Хьайн пхерчий а тохий, лахкахьа уьш.

[7] Лакхара Хьайн куьг а кховдадай, буьрсачу хих а, хийрачу махкара болчу нехан карара а кӀелхьарваккхахьа со.

[8] Церан баганаша даьссаниг дуьйцу, стаг Ӏехош ду церан куьйгаш.

[9] Дела! Итт мерз болчу пондар тӀехь керла йиш локхур ю ас Хьуна,

[10] паччахьашна толам лучу Хьуна, Хьайн лай Дауд дерачу туьрах кӀелхьарвоккхучу Хьуна.

[11] Хийрачу махкара болчу нехан карара кӀелхьарваккхахьа со. Церан баганаша даьссаниг дуьйцу, стаг Ӏехош ду церан куьйгаш.

[12] Ондачу диттех тера хуьлда вайн кӀентий, паччахьан цӀа чохь кечдинчу бӀогӀамех тера хуьлда вайн мехкарий.

[13] Ялта Ӏалашдеш йолу чоьнаш мел долчу беркатах юьзна хуьлда вайн, дежийлашкахь эзарнаш уьстагӀий дебийла вайн.

[14] Хьийкъина хуьлда вайн стерчий. Тхуна тӀелатар ма хуьлда, цхьа а йийсаре а ма вуьгийла. Вайн урамашкахь белхар ма хуьлда.

[15] Ирс долуш ду и дерриг а долу халкъ. Ирс долуш ду Веза Эла Дела волу халкъ.

Забур — Chapters