Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:08

[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса, ткъа Цунна со дӀа а хезира.

[2] Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са харцлуьйш болчу нехан маттах, эладита лелочеран харцонах.

[3] Ва харцонца ледеш дерш! Дала шуна хӀун дийр ду те? Цо шуна стенца таӀзар дийр ду те?

[4] ТӀемалочун ирачу пхарца а, жӀоламах богуш болчу кӀегаца а Цо таӀзар дийр ду шуна.

[5] Бала бу соьгахь машахахой санначарна уллохь вехаш хиларна, иштта къедархой санначеран четаршна юкъахь вехаш хиларна а.

[6] ТӀехдукха ваьхна со машар ца безачарна юкъахь.

[7] Со машаре стаг ву, амма со вистхуьллушехь, уьш тӀамана кийча хуьлу.

Забур — Chapters