[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
[2] Декъала ву гӀийлачун гӀайгӀа беш верг! Холчу хӀоьттича, Везачу Эло паргӀатвоккхур ву иза.
[3] Везачу Эло лар а вийр ву, дийна а вуьтур ву иза. Ша лаьттахь йоккхучу хенахь иза декъала хир ву. Цуьнан мостагӀийн лаамийн дола Ахьа дӀа ма лохьа иза.
[4] Цомгуш а хилла, меттахь висча а, Везачу Эло иза чӀагӀво. Цуьнан цамгарх Ахь иза то а во.
[5] Ас элира: «Веза Эла! Сох къинхетам бехьа, со товехьа, хӀунда аьлча Хьуна дуьхьал аса къа латийна».
[6] Сох лаьцна вониг олу сан мостагӀаша: «Иза маца лийр ву те, цуьнан цӀе а маца дӀайовр ю те?» – бохуш.
[7] Со ган веаначун хабар гуттара а даьсса хуьлу. Шен даг чохь цо вониг латтадо. Ара а волий, сох лаьцна цо эладита даржадо.
[8] Со ца везначу массара а вовшашна юкъахь сох лаьцна шабар-шибарш до. Уггар а вониг сох лаьцна дага а лоьцуш, цара вовшашка олу:
[9] «Цунна Ӏожаллин ун ма кхетта. Ша Ӏуьллучуьра иза кхин хьалагӀатталур ма вац».
[10] Ур-атталла сан уггар дикачу доттагӀчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина.
[11] Ткъа Ахьа, Веза Эла, сох къинхетам а бай, дӀахӀоттавехьа со, аса хьакъ дерг дӀалур дара царна.
[12] Сан мостагӀаша суна тӀехь толам цабаккхарх хуур ду суна, Хьо суна реза хилар.
[13] Сох лаьцна аьлча, со догцӀена хиларна со лоттуьйту Ахь. Ткъа со гуттаренна а Хьайна уллохь дӀахӀоттаво Ахь.
[14] Азалера абаденналц декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела! Амин! Амин!