Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:41

[1] Хастам бу Везачу Элана! Лакха Везачу Элана керла эшар, хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь.

[2] Исраилан халкъ шаьш Кхоьллинчух даккхийдеш хуьлийла. Цийонан бахархой шайн Паччахьах баккхийбойла.

[3] Хастайойла цара Цуьнан цӀе, хелха а бовлуш, локхийла цара Цунна эшарш, жиргӀанаш а тухуш, дечиг-пондарш тӀехь.

[4] ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъах дезар оьцу. Мискачеран Цо сийдо уьш кӀелхьарбахарца.

[5] Далла тешаменаш оцу сийлаллех баккхийбойла, шаьш бийшинчохь а уьш баккхийбойла.

[6] Церан багахь Далла хастамаш хуьлийла, ткъа церан карахь шина а агӀор ира долу тур хуьлийла.

[7] Кхечу халкъашна бекхам бархьама а, къаьмнашна таӀзар дархьама а хуьлийла иза.

[8] Иштта церан паччахьаш, гӀоьмеш а тоьхна, набахти чу бохкархьама а, царна уллорачу хьалдолчу нахана буржалш тохархьама а хуьлийла иза.

[9] Царна хьакъ доллу кхел ярхьама а хуьлийла иза. Цунна тешаме болчу массарна а иза сийлаллина хир ду. Хастам бу Везачу Элана!

Забур — Chapters