[1] Везачу Элана бу хастам! ХӀаъ, ма дика ду вайн Далла назма алар! ХӀаъ, ма тамехь а, оьзда а ду Иза хастор!
[2] Веза Эла Ярушалайм дӀахӀоттош ву, махках баьхна исраилхой схьагулбеш ву.
[3] Дог доьхначарна дарба деш ву Иза, церан чевнаш йоьхкуш ву.
[4] Седарчийн дукхалла билгалйоккху Цо, царна массарна а шайн цӀераш ло Цо.
[5] Сийлахь ву вайн Хьалдолу Эла, Ӏаламат боккха бу Цуьнан ницкъ, барам бац Цуьнан хьекъалан.
[6] Шаьш лахара хеташ берш хьалаойу Везачу Эло, ткъа Ӏесанаш лаьтта кхаччалц охьатаӀабо.
[7] Баркаллица Везачу Элана назманаш ала. Вайн Далла дечиг-пондарш тӀехь эшарш лакха.
[8] Цо стигал мархашца дӀакъовлу, лаьттана догӀа хуьлуьйту, гунаш тӀехь буц хьалайолуьйту.
[9] Цо бежанашна кхача латтабо, уьш кхайкхича, къийган кӀорнешна а юург ло.
[10] Гила-динан ницкъах дезар а ца оьцу Везачу Эло, тӀемалойн майраллех зовкх а ца хьоьгу Цо.
[11] Мелхо а, Цунна хьалха ларамах буьзнарш а, Цуьнан безаме сатуьйсурш а Цунна тамехь бу.