Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:58

[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. КӀоргенера кхойкху ас Хьоьга, Веза Эла.

[2] Веза Эла! ДӀахазахьа сан аз. Суна къинхетам баран дехаре ладугӀуш хуьлийла Хьан лергаш.

[3] Нагахь Ахь, Веза Эла, къинош дӀаяздеш хилча, ва Хьалдолу Эла, мила латталур ву те?

[4] Амма нахана гечдийриг Хьо волу дела, Хьуна хьалха тхо ларамах дуьзна лаьтта.

[5] Везачу Эле хьоьжуш ву со сан са Цуьнга хьоьжуш ду. Цуьнан дашах тешна ву со.

[6] Сан са Везачу Эле хьоьжу, ха деш берш Ӏуьйрене хьоьжучул сов, уьш Ӏуьйре тӀекхачаре хьоьжучул сов.

[7] Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах дегайовхо йолуш хуьлийла хьо, хӀунда аьлча Везачу Элехь хедар боцу безам бу, Иза массо а хенахь нах паргӀатбаха лууш ву.

[8] Массо а ша летийначу къинойх Исраилан халкъ Цо паргӀатдоккхур ма ду.

Забур — Chapters