Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:34

[1] Даудан назма. Веза Эла, бехказаваккхахьа, цӀеначу новкъахула леларна, со. Цкъа а гал ца волуш, Хьох тешна лелаш ма вара со.

[2] Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа. Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа.

[3] Хьан безам сан бӀаьргашна хьалха ма бу, Хьан билггал бакъдолчуьнца со лелаш ма ву.

[4] Мекарчу адамашца со ца Ӏа, шалхонаш йолчарах со дӀа ца кхета.

[5] Зуламхойн гулам суна ца беза, Ӏесачарна юкъахь со охьа ца хоу.

[6] Куьйгаш а дуьлуш, сайн бехк цахилар дӀагойту аса, цундела кхечаьрца цхьаьна со а ву Хьуна Ӏибадат дечу меттигна го боккхуш,

[7] сайн озаца Хьуна хастамаш бархьама а, Хьан дерриге а инзаречу гӀуллакхех лаьцна дийцархьама а.

[8] Веза Эла! Деза суна Хьо Ӏаш волу цӀа а, Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а.

[9] Сан са хӀаллак ма дехьа къинош летош болчаьрца, сан дахар а хӀаллак ма дехьа цӀий Ӏанор дезачаьрца.

[10] Церан карахь ду зуламаш дар, церан аьтту куьг дуьзна ду кхаьънаш схьаэцарх.

[11] Ткъа со-м сайн цӀеначу новкъахь ву. КӀелхьара а ваккхахьа со, къинхетам а бехьа сох.

[12] Сан ког бу лаьтташ шерачу меттехь. Веза Эла декъалво аса динан гуламашкахь.

Забур — Chapters