Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:08

[1] Делан цӀа даздан олу Даудан назма.

[2] Веза Эла, ас хастам бо Хьуна. Ахь кӀелхьарваьккхи со, сан мостагӀий сох ца белийти.

[3] Сан Веза Дела! Ас гӀо дийхира Хьоьга, Ахь суна дарба дира.

[4] Эхартара сан са ара а даьккхина, со денвира Ахь, Веза Эла, коша чу со ца вижийтира.

[5] Хастам бе Везачу Элана, Цунна тешаме болу нах. Иза веза хилар дагадоуьйтуш, хаставе аша Иза,

[6] хӀунда аьлча кӀеззигчу ханна ду Цуьнан оьгӀазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дӀахӀоттахь а, Ӏуьйранна самукъадалар хуьлу.

[7] Со синтеме волуш ас бехира: «Цхьана а хӀумано меттахвоккхур вац со».

[8] Хьайн диканца, Веза Эла, Ахь чӀагӀбира сан лам. Амма Ахь Хьайн юьхь къайлаяьккхича, со вуьйхира.

[9] ТӀаккха, Веза Эла, Хьоьга кхайкхира со. Хьалдолчу Эле ас дийхира:

[10] «ХӀун пайда бу сох, со хӀаллаквича? Хьуна хӀун лур ду, со коша чу вижча? Сан докъо хастам бийр буй те Хьуна? Сох йисинчу чено Хьан бакъдерг кхайкхор дуй те?

[11] Веза Эла, со дӀа а хазий, къинхетам бехьа сох! Веза Эла! Хилахьа сан гӀоьнча».

[12] Ахь сан белхаран метта, суна хелхар дели, сингаттаман духарш дӀа а эцна, самукъадаларан духарш суна тӀедуьйхи.

[13] Сан сино, ца соцуш, хеставойла Хьо. Сан Веза Дела, ас хестор ву Хьо гуттара а.

Забур — Chapters