[1] Баланехь волчу стеган доӀа, иза дог доьхна волчу хенахь дина цо, Везачу Элана хьалха шен бала балхочу хенахь.
[2] Веза Эла! ДӀахазахьа сан доӀа, сан орца даккхар Хьо волчу дӀакхочийла.
[3] Соьга вон деанчу дийнахь Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьайн лерг соьга схьадерзадехьа, со Хьайга кхойкхучу дийнахь суна сихонца жоп лохьа.
[4] Сан денош, кӀур санна, къайладовлуш ду, сан даьӀахкаш, кхерч санна, йогуш ю.
[5] Сан дог доьхна, иза, буц санна, дакъаделла, со сайна кхача баа а вицло.
[6] Сайгахь болу бала бахьана долуш со азвелла дӀахӀоьттина.
[7] Яьссачу арахь лела бухӀа санна, висина со, саьлнаш юкъахь ехаш йолу бухӀа санна ву со.
[8] Со вуьжуш а вац, суна наб а ца кхета, тхов тӀехь Ӏаш долу ша дисна олхазар санна ву со.
[9] МостагӀаша дийнахь сарралц суна кхиссарш йо, со кхаьрдачара сох нахана неӀалташ боху.
[10] Бепиг санна, чим боу аса, ас молуш мел дерг сан бӀаьрхиша дурдина.
[11] И дерриг а Хьо суна оьгӀазвахар бахьана долуш ду, хӀунда аьлча Ахьа со хьала а айина, юха охьа а кхоьссина.
[12] Сан денош къайладолу ӀиндагӀ санна ду, со, буц санна, вакъавелла дӀаваьлла.
[13] Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц а паччахьалла деш ву, Хьо тӀаьхьенашкара тӀаьхьенийн а дагахь ву.
[14] Хьо гӀоттур ву, Ахьа Цийонах къинхетам бийр бу, цуьнца дика хила еза зама тӀееана дела. Билгалъяьккхина хан тӀе ма еана.
[15] Хьан леш долчу тхуна цунах дисна тӀулгаш а дукхадеза. Цунах йисинчу саьлнийн ченах а тхуна кхоам хета.
[16] Къаьмнаш ларамах дузур ду Везачу Элана хьалха, лаьттахь мел бехаш болчу паччахьаша Хьан сийлалла лорур ю.
[17] Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттор ю, ткъа Иза Шен сийлаллица массарна а дуьхьалхӀуттур ву.
[18] ГӀийлачу адамийн доӀа Цунна дӀахезар ду, Иза къора хир вац цара доьхучунна.
[19] Цунах лаьцна тӀейогӀучу тӀаьхьенна дӀаяздина хуьлийла, хӀинццалц кхоьллина доцучу халкъе Цунна хастамаш байтархьама.
[20] Лакхенгахь йолчу Шен езачу меттера Веза Эла охьа а хьаьжира, стигалшкара дуьнене Цо бӀаьрг а туьйхира,
[21] набахтехь болчеран узарш хазархьама а, хӀаллакбан кхел йинарш паргӀатбахархьама а.
[22] Иштта, Цийонехь Везачу Элан цӀе а йоккхур ю, Ярушалаймехь Цунна хастам а бийр бу,
[23] къаьмнаш а, пачхьалкхаш а схьагулъелча, Везачу Элана Ӏибадат дархьама.
[24] Къоналлехь Цо со гӀелвина, сан денош а Цо дацдина.
[25] ТӀаккха ас элира: «Сан Дела! Со къона волчу хенахь ма валийтахьа со. Хьо массо а ханна хир ма ву вехаш.
[26] Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина.
[27] Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду. ТӀеюху хӀума санна, Ахь уьш хуьйцур ду, тӀаккха уьш къайладохур ма ду.
[28] Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац.
[29] Хьан леш долчу тхан бераш маьршачу меттехь дехар ду, ткъа церан тӀаьхьенаш Хьуна хьалха Ӏаш хир ю».