Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:28

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаулах ведда, хьеха чу ша вахча, Дауда язйина назма ю иза.

[2] Къинхетам бехьа сох, Дела, къинхетам бехьа, Хьох ю сан дегайовхо. Хьан тӀома кӀел лечкъар ву со, сайн бохамаш дӀабовллалц.

[3] Веза Воккхачу Деле кхойкхур ву со, Шен Ӏалашо суна лерина кхочушъечу Деле.

[4] Цо, стигалара гӀо а даийтина, со кӀелхьарвоккхур ву, со лаца гӀерташ берш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу. Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду.

[5] Сан са лоьмашна юкъахь ду. Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина, маттех ира тарраш а дина, Ӏачу адамийн кӀенташна юкъахь Ӏуьллу со.

[6] Стигалал лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!

[7] Со лаца кечбина гур бара, гӀайгӀанехь вара со. Суна хьалха ор даьккхира цара, амма шаьш цу чу ийгира.

[8] Сан дог Хьох тешна ду, Дела, Хьох тешна ду иза: ас, илли а олуш, хастам бийр бу Хьуна.

[9] ГӀаттахьа, сан сийлалла, гӀаттахьа! Самабала, мерз-пондар! ГӀатта, Ӏад хьокху пондар! Малх самабоккхур бу ас.

[10] Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву, Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.

[11] Стигала кхаччалц бу Хьан безам, мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.

[12] Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!

Забур — Chapters