[1] Назма. Везачу Элана керла йиш лакхийша, Цо тамашийна гӀуллакхаш дина дела. Цуьнан аьтту куьйго а, Цуьнан нуьцкъалчу пхьаьрсо а Цуьнга толам баккхийтина.
[2] Везачу Эло Шен кӀелхьардаккхар довзийтина, Шен нийсо а Цо халкъашна хьалха гайтина.
[3] Цо биц ца бина Шен хедар боцу безам а, Исраилан халкъана Ша тешаме хилар а. Лаьттан массо а маьӀӀера болчу нахана дӀагина вайн Дала Шен халкъ кӀелхьардаккхар.
[4] Самукъане кхайкха Везачу Эле, дерриг а дуьне, адамаш, даккхий а деш, Цунна хастаман эшарш лекха!
[5] Дечиг-пондар лакха Везачу Элана, эшарийн аьзнашца а, дечиг-пондаршца а лакха Цунна.
[6] Турбанаш а, маӀаш а лоькхуш, самукъадолуш хила Паччахь волчу Везачу Элана хьалха.
[7] Сакъералуш хуьлийла хӀорд а, цунна чохь мел долу хӀума а, иштта дерриг дуьне а, цунна тӀехь дехаш мел дерг а.
[8] Хиша шайн тӀараш а деттийла, лаьмнаш цхьаьний самукъане а хуьлийла,
[9] Везачу Элана хьалха цара эшарш а лоькхийла, хӀунда аьлча Иза ву лаьттана кхел ян вогӀуш. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцӀеналлица кхел йийр ю.