Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:23

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Веза Эла! Ахь со зе а зийна, Хьуна сох лаьцна дерг дерриг а хаьа.

[2] Со маца охьахоу а, со маца хьалагӀотту а хаьа Хьуна. Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а.

[3] Со новкъахула вогӀуш велахь а, я вижина Ӏуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна. Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна.

[4] Меттан буьххьехь долу сан дош а, ас багах а даккхале, ма-дарра девза Хьуна, Веза Эла.

[5] Хьалхахь а, тӀехьахь а, суна массо а агӀор а ву Хьо, Хьайн куьг а латтадо Ахь суна тӀехь даим.

[6] Ма инзаре тамашийна ду Хьуна сох хууш мел дерг. И дерриге а довза сан ницкъ ца кхаччал лекха ду-кх иза.

[7] Хьан Синах а къаьстина, стенга вер вара со? Хьан юьхь-дуьхьлара а стенга водур вара со?

[8] Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву.

[9] Нагахь Ӏуьйренан зӀаьнарийн тӀемаш тӀехь со хьалаваьлча а, я, хӀордан дехьа йисте а ваьлла, малхбузехь со хилча а,

[10] цигахь а Хьайн куьйгаца лелаво Ахь со, Хьайн аьтту куьг а кхийдадо Ахь соьга.

[11] Нагахь: «Бодано хьулвойла со», я: «Суна гонах йолчу серлонах бода хуьлийла», – ас аьлча а,

[12] Ӏаьржачу бодано дӀахьулвийр вац со Хьох. Хьуна-м Ӏаьржа бода а сирла серло санна бу.

[13] ХӀунда аьлча, Веза Эла, суна чохь мел долу хӀума а Ахь кхоьллина ма ду. Ахь со, вовшах а тесна, сан ненан кийрахь кхоьллина ма ву.

[14] Ас хастам бо Хьуна, инзаре тамашийна Ахь со кхолларна. Хьан гӀуллакхаш тамашийна ду. Сан синна иза чӀогӀа дика хаьа.

[15] Хьох къайла ца делира сан даьӀахкийн хӀоттар, со къайлаха, лаьттан кийрахь волуш санна, кхоллалуш.

[16] Хьан бӀаьргашна гуш ма вара со дуьнен чу а валале. Хьан тептар тӀехь дӀаяздина ду Ахь суна билгалдаьхна долу дерриг а сан дахаран денош, уьш цхьа а дола а далале.

[17] Мел еза ю суна, Дела, ерриг а Хьан ойланаш, мел дукха а ю-кха уьш!

[18] Уьш дерриг дагардан со воьлча, уьш гӀамарел а совдевр ду. Ткъа набарх самаваьлча, со Хьоьца караво суна.

[19] Ва Дела, харцонаш лелош берш Ахь хӀаллакбахьара! ЦӀий Ӏанор дезаш дерш, суна уллора шу дӀадовла!

[20] Сийсаза хабарш дуьйцу цара Хьуна дуьхьал. Хьан мостагӀаша Хьуна дуьхьал эрна хӀуманаш дуьйцу.

[21] Веза Эла, Хьоьца мостагӀалла дерш ца безаш хир вац ткъа со? Хьуна дуьхьал болчех дог дер дац ткъа сан?

[22] Боккха цабезам бу сан цаьрга. Уьш мостагӀий а бу сан.

[23] Таллахьа Ахь со, Дела, сан дог а довзахьа. Зехьа Ахь со, Дела, сан ойланаш а йовзахьа.

[24] Со харц некъа тӀе ваьллий толлуш, соьга Хьо схьахьажахьа. Хедар боцучу дахаран некъа тӀе Ахьа со ваккхахьа.

Забур — Chapters