Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:39

[1] ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахь ша волуш Дауда аьлла йолу назма.

[2] Дела! Хьо сан Дела ма ву! Сан даго Хьо даим а лоьху! Хьоьга сатуьйсуш ду суна чуьра са а. Кху даьссачу, дакъаделлачу, хине сатуьйсучу лаьтто санна, Хьоьга сатуьйсу ас.

[3] Хьан дезачу цӀа чу хьоьжура со, Хьан нуьцкъалалла а, сийлалла а гархьама.

[4] Хьан безам а, дикалла а дахарал гӀоле ду. Хьо хестош, бага юьззина ас илли эр ма ду.

[5] Дуьнен чохь со мел веха, Хьо аса хестор ву. Хьоьга доӀанаш а деш, куьйгаш хьалакхийдор ду.

[6] Токх кхачано санна, сан са Ахь дузу. Сайн айдинчу озаца Хьуна ас хастам бо.

[7] Хьох лаьцна ойла йо ас буьйсанан дакъошкахь, Хьо дага оьху суна вижинчу хенахь!

[8] Суна гӀо а Хьоьгара ду, Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь со воккхавеш хир ву.

[9] Сан са а безамца Хьох дӀа ма хьерча. ГӀо деш, со дӀалоцу Хьан аьтту куьйго.

[10] Сан валар лоьхуш берш лаьттан буха кхочур бу.

[11] Нуьцкъалчу таррашца эшийна уьш хир бу. ЧангӀалкхийн ижу хилла, уьш дӀахӀуьттур ма бу.

[12] Ткъа паччахь а воккхавийр ву Дала шена деллачух. Хастамах вузур ву хӀора Делах дуй буург а, хӀунда аьлча мотт сецна буьсур бу харц мел луьйраш а.

Забур — Chapters