Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:40

[1] Даудан хастаман назма. qac Аqac* с хастор ву Хьо, сан Паччахь волу Дела. Хьан цӀе декъалйийр ю ас массо а хенахь.

[2] qac Бqac* илггал, хӀора дийнахь Хьо декъал а веш, Хьан цӀе хестор ю ас ерриге а тӀейогӀучу хенахь.

[3] qac Вqac* еза Эла сийлахь ву, Иза хасто хьакъ ву, Цуьнан сийлаллех дерг хуур дац.

[4] qac Гqac* уттар а тӀаьхьено тӀаьхьенна Хьан гӀуллакхаш а хестор ду, цара Хьан ницкъах лаьцна а дуьйцур ду.

[5] qac Дqac* уьйцур ду аса Хьан доккхачу сийлаллин барамах. Хьан инзаречу гӀуллакхех лаьцна ойла йийр ю ас.

[6] qac Еqac* рриге а тӀейогӀучу хенахь Хьан инзаречу гӀуллакхийн нуьцкъалаллех дуьйцур ду наха, ткъа ас Хьо сийлахь хилар кхайкхор ду.

[7] qac Зqac* урма а локхуш, Хьан нийсо хастор ю, Хьан сийлахьа дикалла а ойур ю цара.

[8] qac Иqac* штта дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву Веза Эла, атта оьгӀаз а ца воьдуш, боккха безам а болуш.

[9] qac Кqac* ъинхетаме ву Веза Эла дерриге а Ша кхоьллинчуьнца. Массаьрца а дика ву Иза.

[10] qac Лqac* аьттара Ахьа мел кхоьллинчо хеставо Хьо, Веза Эла, Хьуна тешамечу наха декъалво Хьо.

[11] qac Мqac* ел дукха дуьйцур ду цара Хьан нуьцкъалаллех лаьцна, Хьан паччахьаллин сийлаллех лаьцна а кхайкхор ду цара,

[12] qac Нqac* ахана массарна а Хьан ницкъ а, Хьан паччахьаллин сийлалла а довзийта.

[13] qac Оqac* лалла Хьан хедар доцу олалла ду, Хьан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду. qac Пqac* айде ду Цуьнан массо а дешнех тешар. Дерриге а Шен гӀуллакхашкахь тешаме ву Иза.

[14] qac Сqac* еттинарш гӀиттабо Везачу Эло, ткъа гӀорасиза бисинчарна гӀо до Цо.

[15] qac Тqac* ап-аьлла массеран а бӀаьргаш Хьуна тӀе хьажийна бу, Ахь царна шен хеннахь кхача ло.

[16] qac Уqac* ьш массо а вузаво Ахь, Хьайн куьйгаш схьадиллича.

[17] qac Хqac* ьо массо а некъаш тӀехь нийса ву, Веза Эла, массо а гӀуллакхаш тӀехь безаме а ву.

[18] qac Цqac* Ӏеначу даггара Шега кхойкхучарна, массарна уллохь ву Веза Эла.

[19] qac Чqac* ӀогӀа ларам Шега болчеран лаам Цо кхочушбо, церан мохь а хезий, уьш кӀелхьарбоху.

[20] qac Шqac* а везаш берш Ӏалашбо Везачу Эло, ткъа харцо лелораш массо а хӀаллакбо.

[21] qac Ӏqac* аббалц ас Везачу Элана хастам бийр бу. ХӀораммо а Цуьнан еза цӀе хестайойла массо а хенахь.

Забур — Chapters