Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:44

[1] Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а.

[2] Исраилан халкъо хӀинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».

[3] АхӀаронан тӀаьхьено хӀинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».

[4] Цунна хьалха ларамах буьзначара хӀинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».

[5] Саготта волу со Везачу Эле кхайкхира, Цо, дӀа а хезна, синпаргӀатоне со ваьккхира.

[6] Веза Эла соьца ма ву, со цхьана а хӀуманах кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага?

[7] Веза Эла соьца ву, Иза сан гӀоьнча ву: со сан мостагӀашка толамца хьожур ву.

[8] Везачу Эле ша ларвайтар гӀоле ду, адамех тешна хуьлучул.

[9] Везачу Эле ша ларвайтар гӀоле ду, элех тешна хуьлучул.

[10] Дуккха а къаьмнаш суна гонах девллера, амма Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.

[11] Цара суна массо а маьӀӀера го бинера, амма Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.

[12] Накхармозийн жӀугано санна, суна го бинера цара, амма чах яьлла цӀе санна, уьш сихха дӀабайира. Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.

[13] Со чӀоггӀа дӀатеттира, охьавожийта, амма Везачу Эло суна гӀо дира.

[14] Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас йиш локху, Цо со кӀелхьарваьккхина дела.

[15] Делан нехан хӀусамашкахь хезаш ду самукъане а, толаман а маьхьарий: «Везачу Элан аьтту куьйго толам боккху!

[16] Везачу Элан куьг лекха хьалаайина ду, Везачу Элан аьтту куьйго толам боккху!»

[17] Со лийр вац, амма вехар ву, Везачу Элан гӀуллакхех лаьцна дуьйцур ду.

[18] Луьра таӀзар дина суна Везачу Эло, амма Ӏожалле Цо со дӀа ца кховдийна.

[19] Схьаделлийша суна Делан лаамехь берш чубовлу кевнаш! Делан цӀийнан керта а ваьлла, ас Везачу Элана хастамаш бийр бу!

[20] ХӀара ков Везачу Элан ков ду. Цу чу Делан лаамехь берш гӀур бу.

[21] Хастам бо ас Хьуна, Веза Эла, со дӀа а хезна, Ахь со кӀелхьарваккхарна.

[22] ГӀишло ечу пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь, коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.

[23] Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду.

[24] ХӀара де – Везачу Эло кхочушбина болх бу. Цунах даккхий а деш, самукъане хила вай!

[25] Ва Веза Эла, кӀелхьардахахьа тхо! Аьтто а бехьа тхан, Веза Эла!

[26] Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг! Везачу Элан цӀа чуьра оха шу декъалдо.

[27] Веза Эла ву Дела, Цо Шен серло тхуна тӀе хьажийна. Гаьннаш куьйга а лаьцна, даздан дуьйлалойша, сагӀа доккхучу кхерчана гонах халхарш дейша.

[28] Хьо сан Дела ву, ткъа ас хастамаш бийр бу Хьуна. Хьо сан Дела ву, ткъа ас вазвийр ву Хьо.

[29] Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а.

Забур — Chapters