[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Дагаваийтахьа, Веза Эла, Дауд а, цуьнан холчу хӀиттар а,
[2] цо Везачу Элана чӀагӀо яр а, Якъубан Нуьцкъалчунна ваӀда дар а:
[3] «Сайн цӀийнан тхевнна кӀел гӀур вац со, со Ӏуьллучу метта хьалавер вац со,
[4] сайн бӀаьргашка наб йойтур яц ас, сайн бӀаьргийн негӀарш а тӀеттӀа дохуьйтур дац,
[5] Везачу Элана меттиг суна караяллалц, Якъубан Нуьцкъалчунна хӀусам хиллалц».
[6] Эпратехь тхо хиллачу хенахь Делан тӀорказ мичахь ду тхуна хезна, ЯӀаран аренашкахь тхуна карийна иза.
[7] Цуьнан хӀусаме а дахана, Цуьнан когийн кӀелонна хьалха суждане гӀур ду вай.
[8] Веза Эла, Хьо Ӏаш волчу метте дӀахӀоттахьа, Хьо а, Хьан олаллин тӀорказ а.
[9] Хьан динан дай нийсо тӀеюьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш хазахетарца баккхийбойла.
[10] Хьайн ялхо волчу Даудан дуьхьа Хьайн юьхь Айхьа къобалвинчунна тӀера дӀа ма ерзаехьа.
[11] Везачу Эло чӀагӀо йина Даудана, Ша юхавер воцу ваӀда дина Цо: «Хьан тӀаьхьенах волчу стагана лур ю Аса ахь динчу тайпана паччахьалла дар.
[12] Нагахь хьан кӀенташа Сан барт а, Ас царна ло бакъонаш а ларъяхь, церан кӀенташа а гуттар а ахь динчу тайпана паччахьалла дийр ду».
[13] ХӀунда аьлча Везачу Эло Цийон хаьржина, цунах Шен хӀусам ян лиъна Цунна.
[14] «Иза гуттаренна а Со Ӏийр волу меттиг ю, кхузара Аса паччахьалла дийр ду, хӀунда аьлча и меттиг Суна езна.
[15] Цуьнан сурсаташ Ас чӀогӀа декъалдийр ду, цуьнан мисканаш кхачанах бузор бу.
[16] Цуьнан динан дайшна кӀелхьардовлар тӀедухур ду Ас. Цигара болу Далла тешаменаш хазахетарца баккхийбийр бу.
[17] Цигахь Даудан цӀа Аса сийлахь хуьлуьйтур ду, Айса къобалвинчунна стогар дӀахӀоттор бу.
[18] Цуьнан мостагӀий Аса юьхьӀаьржачу хӀиттор бу, ткъа цуьнан коьрта тӀехь цуьнан таж лепар ду».