Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:22

[1] Даудан назма. Веза Эла! Доллучу даггара хастам бо ас Хьуна! Стигалийн гуламна хьалха хастаме назманаш олу ас Хьуна!

[2] Хьан деза цӀа долчухьа охьатаьӀа со! Хьан хедар боцучу безаман дуьхьа а, Хьо тешаме хиларан дуьхьа а хастам бо ас Хьуна, хӀунда аьлча адамаша Хьан йоккхучу муьлххачу цӀарал а, лакхадаьккхина Ахь Хьайн дешан сий.

[3] Аса Хьайга кхойкхучу дийнахь жоп делира Ахь, ницкъ а белла, сан са чӀагӀдира Ахь.

[4] Хьан багара долу дешнаш дӀахезча, Веза Эла, Хьуна хастамаш бийр бу лаьттарчу массо а паччахьаша.

[5] Хьан некъашна, Веза Эла, иллеш эр ду цара, хӀунда аьлча доккха ду Хьан сийлалла.

[6] Хьо лакхахь велахь а, Веза Эла, лахахь верг а го Хьуна. Кура верг а геннара вевза Хьуна.

[7] Нагахь со баланехь хилахь а, Ахь денвийр ву со. Сан мостагӀийн дераллина Хьайн куьг а тӀехьур ду Ахь. Хьан аьтту куьйго кӀелхьар а воккхур ву со.

[8] Лохьа суна, Веза Эла, Айхьа лур ду аьлларг, Хьан безаман доза ма дац. Хьайн куьйго кхоьллинарг ма дитахьа, Веза Эла!

Забур — Chapters