Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:58

[1] Даудан назма.

[2] Сан дог Хьох тешна ду, Дела, ас Хьуна иллеш эр ду, дерриг а сайн синца Хьуна хастам бийр бу.

[3] Самабала, мерз-пондар! ГӀатта, Ӏад хьокху пондар! Малх самабоккхур бу ас!

[4] Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву, Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.

[5] Стигала кхаччалц бу Хьан безам, мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.

[6] Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!

[7] Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа, оха дина доӀа дӀа а хазахьа, Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.

[8] Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш, Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.

[9] ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю, ЯхӀуд-мохк – Сан паччахьаллин гӀаж ю.

[10] Муаби-мохк – Сан юьхь-куьгдуьлург ю. Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас, иза Сайн хилар дӀагайтархьама. ПӀелаштамхошна тӀехь толам баккхарна мохь беттар бу Аса».

[11] ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со? Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со?

[12] Тхо дӀатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела? Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела?

[13] ГӀо дехьа тхуна мостагӀех тхаьш лардайта, хӀунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гӀо.

[14] Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу, тхан мостагӀий Цо дӀахьошур бу.

Забур — Chapters