[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Сатасаран сай» олучу мукъамехь ала езаш ю хӀара Даудан назма.
[2] Сан Дела! Ва сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа? Ас чӀогӀа орца даьккхинехь а, сан кӀелхьарвалар генахь ду суна.
[3] Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела, Ахьа суна жоп-м ца ло. Буьйсанна а кхойкху со, амма сан синтем бац.
[4] Ткъа Хьо Везаниг ву, Хьан Ӏарш Исраилан хастамаш тӀехь лаьтташ ю.
[5] Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кӀелхьарбохура.
[6] Хьоьга кхойкхура цара – уьш кӀелхьара а бовлура. Уьш Хьох тешара, цундела юьхьӀаьржачу а ца хӀуьттура.
[7] Ткъа со-м, адам а доцуш, нӀаьна санна ву. Адамийн дог долу сох, халкъана дегаза хета со.
[8] Со гуш болу берриш а кхаьрда сох. Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо:
[9] «Везачу Элах тешна ма вара иза – Цо иза кӀелхьарваккха веза-кх. Везачу Эло иза паргӀатвоккхийла, Ша цунна реза велахь».
[10] Ткъа со ненан кийрара схьаваьккхина Ахьа. Сайн ненан некхера дуьйна со маьршавоккхура Ахьа.
[11] Со дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна Хьуна дӀавелла вара со. Сайн ненан кийрахь со хиллачу хенахь дуьйна Хьо Дела ву сан.
[12] Суна гена ма валахь, хӀунда аьлча тӀебогӀу бала гергахь бу, ткъа гӀодийриг вац сан.
[13] Алссам йолчу старгӀанаша го бина суна. Башанерачу стерчаша го лаьцна сан.
[14] Ижунах а хьаьгна, гӀам-гӀим дечу лоьмо санна, суна тӀе шайн баганаш гӀаттийна цара.
[15] Со, хи санна, Ӏана вахана. Ерриг а даьӀахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дӀадаьлла сан.
[16] Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегӀера дӀабаьлла, сан багара мотт а къамкъаргах дӀалетта. Со Ӏожаллин чене дӀавуьллу Ахь.
[17] ЖӀаьлех тарбеллачу наха го бина суна, буьрсачу арданго го лаьцна сан. Цара цергаш чекхъяьхна сан куьйгех а, когех а.
[18] Ерриге а даьӀахкаш ягаръялур ю сан. Нах, суна тӀе а хьоьжуш, боьлу сох.
[19] Цара вовшашлахь йоькъу сан тӀеюху хӀуманаш, кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш.
[20] Ткъа Хьо, Веза Эла, генахь ма хилахьа суна. Хьоьгара бу сан ницкъ, гӀоьнна волахьа суна.
[21] Туьрах кӀелхьардаккхахьа сан са, жӀаьлех а кӀелхьардаккхахьа сан дахар.
[22] Лоьман бага вахарх кӀелхьарваккхахьа со, акхачу бугӀанан маӀех ларвехьа со. Ахь суна жоп ма делла!
[23] Хьан цӀе сайн вежаршна кхайкхор ю аса. Динан гуламехь Хьуна хастам бийр бу аса.
[24] Везачу Элах кхоьруш дерш! Хастамаш бе Цунна. Якъубан дерриг а хӀу! Сийде Цуьнан. Исраилан ерриг а тӀаьхье! Цунна хьалха ларамах юьзна хила.
[25] ХӀунда аьлча декъазаниг Цунна дегаза а ца хетара, цуьнан баланех Везачу Элан дог а ца делира. Шен юьхь къайла а ца яьккхира Цо цунах, амма, иза Шега кхайкхича, дӀахезира Везачу Элана.
[26] Боккхачу гуламехь Хьуна лерина хастамаш бо аса. Цунах кхоьруш болчарна хьалха сайн ваӀданаш кхочушдийр ду аса.
[27] Къечара шаьш буззалц юур ю. Иза лоьхучара Везачу Элана хастамаш бийр бу. Шу абаденналц а дехийла!
[28] Дуьненан массо а маьӀӀера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тӀедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьӀна, Цунна Ӏибадат дийр ду.
[29] ХӀунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла. Цо дерриге а къаьмнашна тӀехь олалла до.
[30] Лаьттахь токхо а йолуш Ӏаш болчара, Цунна Ӏибадат а деш, сагӀа дуур ду. Коше а кхаьчна, чан хилларг а, дахар лардар шен карахь доцург а – массо а Цунна хьалха суждане гӀур ву.
[31] Хинйолу тӀаьхье Цунна Ӏамал еш хир ю. Ткъа цара шайн берашка Везачу Элах лаьцна дуьйцур ду.
[32] Схьа а баьхкина, Цо лелийначу нийсонах лаьцна дуьйцур ду, дуьнен чу девр долчу адамашна Цо кхочушдинчух лаьцна дуьйцур ду.