Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:14

[1] Бен-Яманан тӀаьхьенах волчу Хушин гӀуллакх бахьана долуш Дауда Везачу Элана аьлла тийжаме назма.

[2] Сан Веза Дела! Ахьа со ларвар лоьху ас. Массо а суна тӀаьхьабевллачех кӀелхьара а ваккхий, Ахьа паргӀатваккхахьа со,

[3] хӀунда аьлча, лоьмо санна, со хьаьшна, сан са доккхур ду цара, кӀелхьарвоккхург суна уллохь воцучу хенахь.

[4] Сан Веза Дела! Нагахь соьгара цхьа хӀума даьллехь, я сан куьйго къа латийнехь,

[5] нагахь аса сайца машарехь Ӏаш волчунна зе динехь, я сан мостагӀчунна, бехк а боцуш, со бахьана долуш ницкъ хиллехь,

[6] мостагӀчо, суна тӀе а кхиъна, схьа а лаьцна, лаьттахь сан са а хьаьшна, сох чан а йина, вуьтийла со.

[7] Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгӀазаллица дуьхьал, и оьгӀазалла сан мостагӀийн дераллина дуьхьал а йоккхуш. Самавалахьа, Сан Дела, меттахӀоттаехьа нийсо.

[8] Массо а халкъаш Хьайна гонах а гулдай, Хьо волчу лакхахь царна тӀехь Куьйгалхо хилахь.

[9] Везачу Эло йо халкъашна тӀехь кхел. Со бакъхиларе хьаьжжина, ехьа, Веза Эла, суна кхел. Сан дог а цӀена ма ду.

[10] Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чӀагӀ а бехьа.

[11] Со ларвеш долу турс ду Дела, догцӀена берш кӀелхьарбоху Цо.

[12] Дела бакъонца кхел Йийриг ву. ХӀора дийнахь зуламхошна кхел кхайкхош ву Иза.

[13] Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь, Цо, Шен тур а ирдой, Шен Ӏад а дулий, уьш цунна тӀе хьажадо.

[14] Ӏожалла тӀейоуьйту Цо, Шен гӀирс схьа а оьций, Шен догу пхерчий цунна тӀехьажадо.

[15] Шен даг чохь зуламаш кхоьллинчо, кхечарна вон болх хила луучо ша-шена харцо кхуллу.

[16] Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву.

[17] Ша кхоьллина баланаш цунна тӀе юхабоьрзур бу, цо дина зулам а цуьнан шен коьртах кхетар ду.

[18] Ас хастам бо Везачу Элана Иза бакъ хиларна. Веза Воккхачу Элан цӀеран сийнна йиш а локху аса.

Забур — Chapters