Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:16

[1] qac Аqac* бу-Маликана хьалха, ша хьераваьлла моттуьйтуш, Дауда аьлла йолу назма. Дауда иза динера, ша Абу-Малике дӀаэккхавайтархьама. Иштта, Абу-Малика эккха а вина, Дауд дӀавахара.

[2] qac Вqac* еза Эла декъалво ас муьлххачу а хенахь. Цунна хастам а бу сан багахь массо а хенахь.

[3] qac Гqac* Ӏийла дерш, дӀа а хазий, самукъадаьлла хилалаш, Везачу Эло динчунна воккхавеш ма ву со.

[4] qac Дqac* екъал а веш Веза Эла, вазвелаш И соьца. Язъе вай массара а Цуьнан еза цӀе хӀинца.

[5] qac Еqac* рриг а хан йоккхура ас, Везачу Эле кхойкхуш. Цунна дӀа а ма хезира ас деш долу доӀанаш. Сан мел болчу кхерамех со кӀелхьарваьккхи Цо.

[6] qac Зqac* овкх ду Цунна тӀебирзинчаьргахь, уьш серлабуьйлу. Церан яххьаш цкъа а хир яц юьхьӀаьржонах юьзна.

[7] qac Иqac* штта мискачо дехнарг а Везачу Элана дӀахеза. Цуьнан массо а баланех Цо и кӀелхьарвоккху.

[8] qac Кqac* Ӏелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш. Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо.

[9] qac Лqac* еррина шу хьаьвсича, Везачу Элан диканан чам кхетар бу шуна! Ма декъала а ву-кх Цунах тешна Ӏаш волу стаг!

[10] qac Мqac* а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш, хӀунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хӀуманан тоам хир бу.

[11] qac Нqac* аггахь ур-атталла лоьман кӀорнеш а, яа хӀума йоцуш, мацаллехь хуьлу, ткъа Веза Эла лоьхург, Цуьнан диканах тоам боцуш вуьсур вац.

[12] qac Оqac* йла а еш, бераш, соьга хӀинца ладогӀа. Везачу Элах кхоьруш хила аса шуна хьоьхур ду.

[13] qac Пqac* аргӀат долу дахар дезий шуна? Дукха даха лаьий шуна Делан дика гархьама?

[14] qac Рqac* еза боцу мотт зуламна аша бехкалаш. Ткъа мекара долу дешнаш шайн багара ма довлийта.

[15] qac Сqac* ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де! Цу гӀуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш.

[16] qac Тqac* къа Хьан бӀаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу. Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу.

[17] qac Уqac* ллора дӀа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна, Лаьттара царах лаьцна долу массо а хӀума дӀадайархьама.

[18] qac Хqac* еза Везачу Элана, Шен лаамехь болчара кхайкхича. Церан берриге а баланех Цо уьш кӀелхьарбоху.

[19] qac Цqac* о Ша дог доьхначарна уллохь гойту. Дог диллина Ӏаш берш а Везачу Эло кӀелхьарбоху.

[20] qac Чqac* ӀогӀа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а, амма массо а халонех Везачу Эло иза кӀелхьарвоккхур ву.

[21] qac Шqac* аерриш а цуьнан даьӀахкаш Везачу Эло ларъеш ю. Царах цхьа а Цо кагйийр яц.

[22] qac Эqac* ххар а къалатийнарг шен зуламо вийна дӀавоккхур ву. Делан лаамехь берш цабезнарш, хӀаллакьхилла, дӀабевр бу.

[23] qac Ӏqac* азапера Везачу Эло мехах паргӀатвоккху Шен ялхо. Шех тешна Ӏаш берш Цо бехке ца бо.

Забур — Chapters