Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:12

[1] Асайпан назма. Дела коьртехь дӀахӀутту стигалан гуламехь. Гуламан декъашхошна юкъахь Цо Шен кхел кхайкхайо.

[2] «Мел лелар ду те шу, харцкхелаш еш? Мел лелар ду те шу, Ӏесачарна озабезам а беш?

[3] ГӀийлачеран а, байн а бакъонаш ларъе, къенаш а, мисканаш а бехказабаха.

[4] ГӀийланаш а, мисканаш а кӀелхьарбаха. Уьш Ӏесачу нехан карара схьабаха.

[5] Шуна хӀумма а ца хаьа, шу ца кхета, шу боданехь санна лелаш ду, шун когаш бухара латта леста.

[6] Ас элира: „Шу деланаш ду, Веза Воккхачун кӀентий а ду шу дерриш а“.

[7] Амма шу лийр ду, адамаш санна, шу хӀаллакьхир ду, муьлхха а куьйгалхо санна».

[8] ХьалагӀатта, Дела, кхел е дерриг а лаьтта тӀехь, хӀунда аьлча дерриге а къаьмнаш Хьан долахь ду.

Забур — Chapters