[1] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Воккхавеш вара со, сайга аьлча: «Везачу Элан цӀийнан керта гӀо вай».
[2] Хьан кевнашкахула а бевлла, тхан когаш лаьтташ бу, Ярушалайм
[3] Дика цхьаьнатоьхна йина гӀала санна, чӀагӀйина лаьтташ ю Ярушалайм.
[4] Везачу Элан долахь долу исраилхойн тайпанаш хьаладогӀуш йолу меттиг а циггахь ю. Исраилан халкъана бакъо елла ю Везачу Элан цӀарна цигахь хастамаш бан.
[5] Цигара нийса кхел ярца паччахьалла деш ду, Даудан цӀийнан паччахьан гӀант цигахь лаьтташ ду.
[6] Деле бехийша Ярушалаймана машар: «Маьршачу меттехь хуьлийла хьо езаш берш!
[7] Машар лаьттийла хьан пенашна юкъахь, сашорте лаьттийла хьан гӀепашна чохь!»
[8] Сайн гергарчеран а, уллорачеран а дуьхьа ас эр ду: «Машар хуьлийла хьуна чохь!»
[9] Вайн Везачу Делан цӀийнан дуьхьа хьуна диканиг хуьлийла доьху ас.