[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма.
[2] Хастам бо оха Хьуна, Дела. Хьан цӀе уллохь хиларна Хьуна хастам бо. Адамаша Хьан тамашийначу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу.
[3] Ахьа боху: «Хан билгал а яьккхина, Ас нийсонца йолу кхел хоржур ю.
[4] Латта дӀасалесташ хилча а, цунна тӀехь мел бехаш берш кхерамехь хилча а, цуьнан бӀогӀамаш чӀагӀдийриг Со ма ву.
[5] Курабевллачаьрга Ас боху: „Кура ма дийла“, ткъа Ӏесачаьрга: „Шайн ницкъах дозалла ма де,
[6] стигална дуьхьал шайн ницкъах дозалла ма де, кура корта а айина, деза детташ ма дийца“».
[7] ХӀунда аьлча малхбалера а, малхбузера схьа а, я яьссачу аренгара схьа а дац стеган лекха хилар,
[8] амма Дела ву Кхелахо: Цо цхьаъ охьатаӀаво, ткъа важа лакхавоккху.
[9] Везачу Элан карахь цхьа кад бу, иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагӀарх буьзна бу. Лаьттан массо а Ӏесачарна Цо оцу кеда чуьра Ӏанадо, ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дӀамер ду и чагӀар.
[10] Аса-м Дала мел дийриг даим дуьйцур ду. Якъубан Далла Аса хастамаш бийр бу.
[11] Ӏесачеран ницкъ Цо дӀабоккхур бу, амма Цуьнан лаамехь болчеран ницкъ чӀагӀбийр бу.