Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:19

[1] Кхорахьан тӀаьхьенан назма.

[2] Везачу Элан цӀийнан бух дезачу лаьмнашкахь бу. Якъубан тӀаьхьенан массо а Ӏаш йолчу меттигал а Цийонан кевнаш Везачу Элана дукха деза.

[3] Ва Делан гӀала, хьох лаьцна сийлахь хӀуманаш олуш ду:

[4] «Со вевзачу къаьмнашна юкъахь Ас хьахор ду Мисаран къам а, Бавелан къам а. ПӀелаштамхойх а, цорахойх а, хушахойх а лаьцна эр ду, уьш Сан гӀалахь бина бу аьлла».

[5] Ткъа Цийонах лаьцна бохур ду: «ХӀара а, важа а цигахь вина, Веза Воккхачу Дала Ша иза чӀагӀйийр ю».

[6] Къаьмнаш тӀеяздинчу тептар тӀехь Везачу Эло дӀаяздийр ду: «ХӀара цигахь вина», – аьлла.

[7] Эшарш а лоькхуш, хелхарш дечара эр ду: «Цийонера ду сан мел долу беркат».

Забур — Chapters