[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
[2] Ва массо а халкъаш, тӀараш деттийша! Даккхийдеран озаца Деле кхайкхийша!
[3] Веза Воккха Эла кхераме ву. Иза дерриг а дуьненан сийлахь Паччахь ву.
[4] Халкъаш вайна муьтӀахь дина Цо. Къаьмнаш вайн когашка охьадехкина Цо.
[5] Цо хаьржина вайна кхаьчна болу хӀара мохк, Цунна дезаш долчу Якъубан халкъо цунах дозалла до.
[6] Даккхийдеран аьзнаш айадарца хьалаваьлла Дела, коьман маӀа лоькхучохь хьалаваьлла Веза Эла.
[7] Вайн Далла ала иллеш, вайн Паччахьна ала уьш.
[8] Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела. Массара а говза назма Цунна ала.
[9] Массо а халкъашна тӀехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Ӏаршехь охьахиъна ву Дела.
[10] Кхечу къаьмнийн куьйгалхой гулбелла ИбрахӀиман Делан халкъаца цхьаьна. ХӀунда аьлча латта лардийраш Делан долахь бу, ткъа Дела царал а лакхаваьккхина ву.