Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:21

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза.

[2] ТӀех ма деттахьа суна, Веза Эла, Хьо оьгӀазвахханчохь. ТаӀзар ма дехьа суна Хьо дарвеллачохь.

[3] Веза Эла, къинхетаме хилахьа соьца, со гӀел ма велла. Сан даьӀахкашка зуз догӀу, товехьа со.

[4] Дог а ду сан, чӀогӀа гӀайгӀане доьжна. Мел Ӏан деза те сан Хьоьга сатуьйсуш?

[5] Юха а валий, Веза Эла, паргӀатдаккхахьа сан са! Хьайн хедар боцучу безаман дуьхьа кӀелхьарваккхахьа со.

[6] ХӀунда аьлча эхартехь Хьо цхьанна а дагавогӀур вац, веллачо Хьуна хастамаш а бийр бац.

[7] Аса дечу узарша со гӀел а во, дӀавуьжу мотт аса сайн бӀаьрхишца бус-буса тӀун а бо. Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна.

[8] ГӀайгӀанехь хиларна сан бӀаьргаш гӀелделла. МостагӀий бахьанехь уьш телхина догӀу.

[9] ДӀадовла уллора, харцонаш лелораш, хӀунда аьлча дӀахезна Везачу Элана сан велхаран узарш.

[10] Со Шега кхайкхар дӀа а хезна, сан доӀанна жоп лур ду Везачу Эло.

[11] Кхерийна а, эхь хетийтина а хир бу сан массо а мостагӀий. ЦӀеххьана юха а бирзина, юьхьӀаьржачу хӀуттур бу уьш.

Забур — Chapters