[1] Бавелан хишна юххе тхо ховшура, цигахь тхо делха а доьлхура, Цийонна хилларг дага а лоьцуш.
[2] Тхайн дечиг-пондарш дак-дитта тӀе хьалаоьхкина оха.
[3] Тхо йийсаре дигинчара тхоьга эшарш лакха бохура, тхуна ницкъ бечара шайн самукъадаккха бохура: «Лакхал тхуна Цийонера эшарех цхьаъ!»
[4] Хийрачу махкахь а долуш, оха муха локхур ю Везачу Элан эшар?
[5] Нагахь суна хьо йицлахь, Ярушалайм, сан аьтту куьйгана муха лакха еза дицлойла.
[6] Сан мотт багарчу стигалх дӀалетийла, нагахь суна хьо дагахь ца хилахь, нагахь ас Ярушалайм сайн самукъадаларан коьрте ца хӀоттаяхь.
[7] Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гӀала! Йохае иза буха тӀе кхаччалц!»
[8] Бавелан йоӀ, хӀаллакьян ва леринарг! Ирсе ву ахьа тхуна динчунна хьуна бекхам эцнарг!
[9] Ирсе ву хьан бераш, схьа а эцна, тӀулгех детташ, хӀаллакдинарг!