Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:05

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара Даудан назма дечиг-пондаршца ала езаш ю.

[2] ДӀахазахьа, ва Дела, сан деган тийжам, бехьа, сан Дела, сан доӀанан тергам.

[3] Кхайкхам бо ас Хьоьга кху лаьттан йистера сайн эшначу дагца. Сол лекха йолчу тарха тӀе а ваккхий, дӀахӀоттавехьа со хӀинца,

[4] со къайлавоккхург а Хьо волу дела, сан мостагӀашна дуьхьал онда бӀов санна а Хьо волу дела.

[5] Вехийла со даим а Хьан цӀа чохь, къайлаволийла со Хьан тӀемаш кӀел.

[6] Сан Веза Эла, ас йина чӀагӀо дӀахезна Хьуна. Хьох кхоьруш болчарна догӀучу шеретах дакъа суна а делла Ахьа.

[7] Паччахьан денош Ахь, Веза Эла, дахдехьа, тӀаьхьенашкара тӀаьхьене шераш а дахдехьа.

[8] Хуьлийла и Хьоьца массо а ханна. Ларвойла Ахь иза Хьайн хедар боцучу безамца а, тешаме хиларца а.

[9] Эр ду ас даим Хьох лаьцна илли, кхочушъеш даим айса йина чӀагӀо.

Забур — Chapters