[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
[2] Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа, Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттийна Ахьа.
[3] Хьайн халкъан зуламна геч а дина Ахьа, церан къинош къайла а даьхна Ахьа,
[4] Хьайн оьгӀазвахар а Ахьа дӀадаьккхина, Хьайн къизачу дераллех а Хьо дӀавирзина.
[5] Дела, тхан КӀелхьардохург, тхо юхаметтахӀиттадехьа, тхуна тӀехь йолу Хьайн дералла дӀаяккхахьа.
[6] Массо а ханна ю те Хьан оьгӀазалла, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка а хир ю те Хьан оьгӀазалла?
[7] Тхо юха дендийр дац те Ахьа, Хьайн халкъ юха а Хьо бахьана долуш доккхадейта?
[8] Гайтахьа тхуна, Веза Эла, Хьайн хедар боцу безам, Хьайн кӀелхьардаккхар а лохьа тхуна.
[9] ЛадугӀур ду аса Везачу Дала бохучуьнга. Цо машар бийр бу Шен халкъаца, Шена тешаме болчаьрца, юха а тила ма лойла уьш.
[10] Цунна хьалха ларамах буьзна берш Цо кӀелхьарбахар герга ду, Цуьнан сийлалла вайн лаьттахь хилийтархьама.
[11] Безам а, тешаме хилар а вовшахкхетар ду, нийсоно а, маршоно а вовшашна барташ дохур ду.
[12] Тешаме хилар лаьттара хьаладер ду, нийсо стигалара схьа охьахьоьжур ю.
[13] Везачу Эло беркат лур ду, ткъа лаьтто шен стом кхиор бу.
[14] Нийсо Цунна хьалхаяьлла лелар ю, цо Везачу Элана некъ кечбийр бу.