Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:26

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Везачу Элан ялхо волчу Даудан назма.

[2] Ӏесачун кӀорггера даг чуьра аьрхалла йистхуьлу цуьнга. Цуьнан бӀаьргаш чохь Делах кхерар дац.

[3] Шех лаьцна оццул лекха ойла ю цуьнан, шен къинош а гина, уьш ца деза кхетам ца кхаччал.

[4] Цуьнан багара схьадолу дешнаш харц а, мекара а ду. Кхетаме хилар а, дика лелар а цо дитина ду.

[5] Вижинчохь а вон ойланаш йо цо. Иза харц некъа тӀе а волу, вониг дарх дӀа а ца воьрзу.

[6] Веза Эла! Хьан хедар боцу безам стигалшка дӀакхочу, Хьан тешаме хилар мархашка кхочу.

[7] Хьан нийсо лекха лаьмнаш санна ю. Хьан кхел кӀорга хӀордаш санна ю. Адамаш а, бежанаш а Ӏалашдо Ахь, Веза Эла!

[8] Мел чӀогӀа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела! Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь адамаша шаьш лардойту.

[9] Хьан токхечу цӀийнах дузуш ду уьш. Хьайх долучу диканан хица хьогалла дӀайоккху Ахь церан.

[10] ХӀунда аьлча Хьоьгара ду дахаран хьоста. Хьоьца йолчу серлонгахь серло го тхуна.

[11] Дахдехьа Хьо вевзачарна Хьайн безам балар а, догцӀеначарна Хьайн нийсо лелор а.

[12] Курачун ког суна тӀе ма болийла, къилахь волчун куьйго со дӀа а ма эккхавойла.

[13] Зулам лелош берш цигахь охьаэгна. Шаьш охьабахкарна, уьш хьала ца гӀовттало.

Забур — Chapters