[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
[2] Веза Эла! Хьо нуьцкъала хиларна самукъадаьлла ву паччахь, Ахь толам баккхийтарна барам боцуш хазахетта ву иза.
[3] Цуьнан дагна лиънарг делла Ахь цунна, цуьнан бето дехнарг дӀа а ца теттира Ахьа.
[4] ХӀунда аьлча диканна декъалварца дуьхьалвеара Хьо цунна, цӀеначу деших дина таж диллира Ахь цуьнан коьрта тӀе.
[5] Цо дахар далар дийхира Хьоьга, Ахьа абаделлалц хан яхйира цуьнан.
[6] Деза ду цуьнан сийлалла Ахь толам баккхийтарна. Ахь ларам а белла цунна, сийлахь хилар а делла.
[7] Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна. Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан.
[8] ХӀунда аьлча паччахь Везачу Элах тешна ву, Веза Воккхачун хедар боцучу безамах шеко а яц цуьнан.
[9] Хьан куьйгана карор бу берриг Хьан мостагӀий, Хьан кара гӀур ма бу массо Хьо цавезарш.
[10] Хьо оьгӀазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш. Ша оьгӀазваханчохь Везачу Эло хӀаллакбийр бу уьш, цӀеро буур бу уьш.
[11] Лаьттара церан тӀаьхье а хӀаллакйийр ю Ахьа, адамийн кӀенташна юкъара церан хӀу а дойур ду Ахьа.
[12] ХӀунда аьлча цара Хьуна дуьхьал зулам а даьккхира, вон Ӏалашонаш а хӀиттийра, амма уьш кхочуш ца янъелира цаьрга.
[13] ТӀаккха цаьрга баккъаш берзабойтур бу Ахь. Хьайн секхаӀодаца пхерчий кхуьссур ду Ахьа царна тӀе.
[14] Оха лакхавоккху Хьо, Веза Эла, Хьо нуьцкъала хиларна. Оха хастор ву Хьо иллешкахь Хьан сийлахь гӀуллакхаш бахьанехь.