Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 0:53

[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара йиш, хӀара назма, мерз-пондаршца лакха езаш ю.

[2] Дела вайца къинхетаме хуьлийла, Цо вай декъал а дойла, Цо Шен юьхь тӀера серло вайна лепайойла,

[3] кху лаьттарчу адамашна Хьан некъ бовзийтархьама а, массо а халкъашна Хьоьгара долу кӀелхьардовлар довзийтархьама а.

[4] Ва Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша. Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.

[5] Самукъа а долийла, хазахетар а хуьлийла къаьмнийн, хӀунда аьлча Ахь халкъашна тӀехь нийсонца кхел а йо, лаьттарчу къаьмнашна тӀехь урхалла а до.

[6] Веза Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша. Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.

[7] Лаьтто шен стом белла. Вайн Дела волчу Дала вай декъалдо.

[8] Дала вай декъалдо, лаьттара массо а маьӀӀера адам Цуьнга болчу ларамах дуьзна хилийтархьама.

Забур — Chapters