[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан хьехаме назма.
[2] Тхан дайша тхуна дуьйцура, уьш баьхначу ширачу заманахь. Ахь мел динчу гӀуллакхех лаьцна. Ва Дела, тхан лергашна хезнера иза.
[3] Хьайн куьйгаца халкъаш хӀаллакдира Ахьа, ткъа тхан дай баха охьаховшийра Ахьа. Кхечу къаьмнашна зулам дира Ахьа, ткъа тхан дайн аьтто балийтира Ахьа.
[4] Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира, шайн ницкъаца а ца даьккхира. Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а, Хьан юьхь тӀера лепачу нуьраца а даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна.
[5] Ва Дела, Хьо сан Паччахь ма ву! Якъубан халкъана толамаш бахар лохьа!
[6] Хьан ницкъаца тхешан мостагӀий оха юхабоху, Хьан цӀарца тхайна дуьхьалбевлларш оха хьошу.
[7] Сайн секхаӀодах тешна Ӏаш вац со, сайн туьро а кӀелхьар ца воккху со.
[8] Амма тхан мостагӀех Ахь тхо кӀелхьардоху, тхо цадезарш Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттабо.
[9] Дийнахь сарралц Делах дозалла до оха. Абаденналц Хьан цӀе язйийр ю оха.
[10] Амма хӀинца-м Ахь дӀатесна тхо, Ахь юьхьӀаьржачу а хӀиттийна тхо. Тхан эскаршца ара ца волу Хьо.
[11] Ахь мостагӀех тхо дӀаидийтина, тхо ца дезачара тхоьгара хӀонс яьккхина.
[12] УьстагӀий санна, хӀаллакдайта дӀадели Ахь тхо, къаьмнашна юкъахь дӀасадаржий Ахь тхо.
[13] Хьал совдаккхар а доцуш, Хьайн халкъ Ахь дӀадоьхки, цунах беллачу мехах Ахь пайда а ца ийци.
[14] Тхан лулахошка емалдайта дӀадели Ахь тхо. Тхуна гонах бехаш болчарна беламна а, сийсаздахарна а дӀадели Ахь тхо.
[15] Халкъашна юкъахь кицанна а даладойтуш, дӀахӀиттий Ахь тхо. Кхечу къаьмнашка кортош а лестадойтуш, тхох кхардам бина, дӀахӀиттий Ахь тхо.
[16] Сан сийсазалла дийнахь сарралц суна хьалха ю. Со юьхьӀаьржачу хӀоттийна,
[17] со емалвеш болчеран а, харцлуьйчеран а озо а, сан мостагӀчун а, суна бекхам бар лоьхучеран а хьежаро а.
[18] И дерриг а тӀедеана тхуна, амма Хьо виц ца велла тхуна, Хьан барт а ца бохийна оха.
[19] Тхан дегнаш Хьох дӀа а ца дирзира, тхан когаш Хьан некъа тӀера дӀа а ца бевлира,
[20] Амма чангӀалкхаш ехачу меттехь Ахь тхо дӀахьаьшира, Ӏаьржачу боданехь Ахь тхо дӀахьулдира.
[21] Нагахь оха, тхешан Делан цӀе йиц а йина, хийрачу далла куьйгаш хьалаайинехьара,
[22] иза Далла хуур дацара ткъа, Шена деган къайленаш евза дела?
[23] Хьо бахьанехь хӀора дийнахь тхо мостагӀаша хӀаллакдо. Дайа кечдина уьстагӀий санна царна хета тхо.
[24] ГӀаттахьа, Веза Эла, вижина хӀунда Ӏа Хьо? Самавалахьа, гуттаренна а дӀа ма тасахь тхо!
[25] Хьайн юьхь тхох къайла хӀунда яьккхина те Ахь? Тхо баланехь а, Ӏазапехь а хилар диц хӀунда дина те Ахь?
[26] Тхо ченаш юккъе охьаэгна, тхан догӀмаш лаьттах дӀалетта.
[27] ГӀаттахьа тхуна гӀоьнна, Хьайн барам боцучу безаман дуьхьа кӀелхьардахахьа тхо.