Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:05

[1] Керла йиш лакха Везачу Элана, дерриг а дуьнено лакха Цунна.

[2] Эшарш лакха Везачу Элана, хастам бе Цуьнан цӀарна! Де дийне мел дели, Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.

[3] Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.

[4] Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.

[5] Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цӀуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.

[6] Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цӀа ницкъах а, сийлаллех а дуьзна ду.

[7] Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!

[8] Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта дуьйлийша!

[9] Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша. Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!

[10] ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь».

[11] Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде! ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е!

[12] Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила. Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хила

[13] Далла хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву, дуьненна нийса кхел ярхьама. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцӀеналлица кхел йийр ю.

Забур — Chapters