[1] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «КӀант валар» олучу эшаран мукъамехь лакха еза. Дауда язйина назма ю иза.
[2] Веза Эла, сайн дерриг а даггара ас Хьуна хастамаш бийр бу, Хьан массо а тамашийна гӀуллакхаш аса дӀакхайкхор ду.
[3] Ахьа мел дийриг бахьана долуш, хазахеташ а, воккхавеш а со хир ву. Веза Воккха Дела, Хьан цӀарна лерина иллеш ас эр ду.
[4] Сан мостагӀий дӀабоьрзучу хенахь, Хьуна хьалха охьа а оьгий, хӀаллакьхуьлу.
[5] Сан гӀуллакхна тӀехь Ахь нийсонца кхел яйтира. Бакъволу Кхелахо волу Хьо Хьайн Ӏарша тӀе охьахиира.
[6] Кхидолу къаьмнаш Ахьа бехкедира, Ӏесанаш Ахьа хӀаллакбира, абаденналц церан цӀераш а дӀаяйира.
[7] МостагӀий Ахьа кхаьллина дӀабехи. Церан гӀаланаш а Ахь хӀаллакйина дӀаехи, царах болу дагалацам а цаьрца цхьаьна дӀабели.
[8] Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду. Цо Шен Ӏарш кхел ярна кечйина ю.
[9] Цо дуьненна нийсонца кхел йо, халкъашна тӀехь а Цо бакъонца иза йо.
[10] ГӀело йиначарна Веза Эла гӀап санна а ву, баланаш тӀехӀиттинчу заманахь тӀетовжа меттиг а ю.
[11] Хьан цӀе шайна евзинарш Хьуна тӀетевжа, хӀунда аьлча, Веза Эла, Хьо лоьхурш Ахьа дӀатесна ца буьту.
[12] Цийон-лома тӀера олалла дечу Везачу Элана ала аша иллеш. Къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхаде аша Цуьнан гӀуллакхаш.
[13] ЧӀир йоькхуш волчу Цо гӀело хьоьгучеран узарш диц ца до. Цо уьш дагахь а латтабо.
[14] Веза Эла, Ахьа сох къинхетам бехьа, со цавезачаьргахьара аса хьоьгучу баланашка хьажахьа. Ӏожаллин кевнера со хьалаваккхахьа,
[15] Цийонан йоӀан кевнехь соьга Хьайна хастамаш байтархьама. Воккхавеш хир ву со, Ахьа кӀелхьарваккхарна.
[16] Шаьш даьккхинчу ор чу эгна халкъаш, кӀело еш, шаьш тийсинчу бойнех тасабелла церан когаш.
[17] Веза Эла Цо йинчу кхелехула вевзинера. Ӏесанаш шайн куьйга динчу гӀуллакхаша дӀалаьцна.
[18] Эхарте кхочу Ӏесанаш а, Дела вицвеш долу дерриг къаьмнаш а.
[19] Гуттаренна а хир дац мисканиг вицвар, массо а ханна дӀадаьлла дац къечун сатийсар.
[20] ГӀаттахьа, Веза Эла! Адаме толам ма баккхийтахьа, Хьайна хьалха халкъашна кхел яйтахьа.
[21] Веза Эла, Хьайгара кхерам тасахьа царна, шаьш адамаш бен доцийла хаийтахьа къаьмнашна.
[22] Веза Эла, суна иштта генахь хӀунда ву Хьо? Со баланехь волуш къайла хӀунда волу Хьо?
[23] Дегнаш курадовларна къечарна тӀаьхьабовлу Ӏесанаш. Шайна дагадаьхкинчу хӀилланаша дӀалоцийла уьш.
[24] Шен синан лаамех дозалла до Ӏесачо. Шена харц пайда лоьхучо Веза Эла дӀа а тосу, Цунна сардам а буллу.
[25] Дозаллаш дарца Ӏесачунна моьтту, ша цхьаммо а жоьпе озор вац, Цуьнан цхьана а ойланехь Дела вац.
[26] Муьлххачу хенахь а цо дечу некъаша цуьнан аьтто боккху. Хьан кхел а цунна ма генахь ю. Иза шен массо а мостагӀашка цавашарца хьоьжу.
[27] Шен дагахь цо олу: «Со вухур вац. Цкъа а суна зуламе дерг тӀедогӀур дац».
[28] Цуьнан бага сардамех а, мекарлонех а, гӀело ярх а юьзна ю. Цуьнан меттан буьххьехь зуламениг а, вониг а ду.
[29] Ярташна уллохь кӀело йо цо, къайлаха йолчу меттигашкахь бехке воцург воь цо, къайлаха декъазачуьнга бӀаьргаш хьежабо цо.
[30] Коьллашкахь кӀело йина Ӏуьллучу лоьмо санна, къечунна къайлаха кӀело йо цо. Шен бой а тосий, къениг дӀалоцу цо.
[31] Сатта а сеттий, таба а тебий, шен ондачу мӀарашца декъазанаш дӀалоцу цо.
[32] Шен дагахь цо олу: «Далла дицделла ас динарг. Шен юьхь дӀа а ерзийна, ца го Цунна ас лелориг».
[33] Сан Веза Дела, гӀаттахьа, Хьайн куьг хьалаайахьа, Ӏазапехь берш а Ахь биц ма бехьа.
[34] Ӏесачунна Дела дегаза хӀунда хета те, шен дагахь: «Ахьа-м жоьпе озор вацара со», – олуш?
[35] ХӀетте а Хьуна дерриг а го, зуламан а, халахетаран а тидам бо, Ӏазап хьоьгуш берш а Ахьа Хьайн каралоцу. Къечо а ша Хьан кара дӀало. Байлахь висинчунна а Хьо гӀоьнча ву
[36] Ӏесачун а, зуламечун а ницкъ бохабехьа, церан Ӏесаллех уьш жоьпе озабехьа, церан Ӏесаллех хӀумма а ца диссалц.
[37] Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву! Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тӀера дӀадовр ду.
[38] Веза Эла! Хьуна дӀахеза Хьайна хьалха шаьш кӀезиг хетачийн лаамаш. Церан дегнаш Ахь чӀагӀ а до, Хьайн лерг царна дӀа а делла.
[39] Байлахь висинчунна а, Ӏазап хьоьгучунна а Ахь нийса кхел йо, лаьттарчу адаме кхин цкъа а кхерамаш ца тийсийтархьама.