Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 1:28

[1] Даудан доӀа. Веза Эла, ладогӀахьа сан доӀане, тахана гӀийла а, миска а ву со.

[2] Кхоадехьа сан са, Хьуна тешаме ма ву со. Хьайх дегайовхо йолу Хьайн лай кӀелхьарваккхахьа, сан Дела.

[3] Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, дийнахь сарралц Хьоьга кхойкху ас.

[4] Хазахетар лохьа Хьайн лена, Хьоьга кховдадо ас сайн са, Веза Эла.

[5] Хьо дика а ву, гечдан кийча а ву, Хьалдолу Эла, Хьайга кхойкхучаьрца массаьрца а бу Хьан хедар боцу безам.

[6] Веза Эла, сан доӀа а хазий, сан дехаршка ладогӀахьа.

[7] Доьхначу дийнахь кхойкху ас Хьоьга, Ахь суна жоп лур долу дела.

[8] Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гӀуллакхаш а дац.

[9] Ахь кхоьллина халкъаш, схьа а даьхкина, Хьуна хьалх охьатаьӀар ду, Хьалдолу Эла, цара хастор ю Хьан цӀе.

[10] Дела, Хьо воккха ву, Ахь до инзаре хӀуманаш. Хьо цхьаъ бен Дела вац.

[11] Хьайн новкъа ваккхахьа со, Веза Эла, Хьуна тешаме волуш лелар вара со. Сан дог кхоччуш Хьайх кхерийтахьа.

[12] Даггара Хьо хестор ву ас, сан Веза Дела, Хьан цӀеран сий дийр ду ас даим а,

[13] хӀунда аьлча соьга болу Хьан хедар боцу безам боккха бу, эхартах сан са кӀелхьардаьккхи Ахь.

[14] Дела! Кура нах бевлла суна дуьхьал, зуламхойн гӀера ю сан са лоьхуш. Хьоьга ларам бац церан.

[15] Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а, атта оьгӀаз ца воьдуш а, тешаме а, боккха безам болуш а ву.

[16] Соьга хьажий, сох къинхетам бехьа. Хьайн лена Хьайн ницкъ лохьа, Хьайн гӀарбашан кӀант кӀелхьарваккхахьа.

[17] Хьайн диканах йолу билгало гайтахьа суна, со ца везачарна, иза ган а гина, эхь хетар ду, Веза Эла, хӀунда аьлча Ахь гӀо дина суна, Ахь тевина со.

Забур — Chapters