Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:11

[1] Даудан хьехаме назма. Хьехахь волуш цо дина доӀа. Аз хозуьйтуш, Везачу Эле кхойкху со, аз хозуьйтуш, Цуьнга доӀа до ас.

[2] Сайн латкъам ас Цуьнга балхабо, Сайн гӀайгӀа ас Цунна йовзуьйту.

[3] Сан са кхачочу хенахь Хьуна сан некъ бевза. Со лелачу новкъахь мостагӀаша къайлаха суна гур боьгӀнера.

[4] Со аьтту агӀор хьожу, амма массара а со цаларар го суна. Сан тӀетевжийла дӀаяьлла, сан синан гӀайгӀа беш цхьа а вац.

[5] Со Хьоьга кхайкхира, Веза Эла, ас элира: «Сан чӀагӀонан меттиг а, дийначийн лаьтта тӀера сан дакъа а Хьо ду».

[6] ДӀахазахьа сан тийжам, гӀора кхачийна-кх сан. Сайн мостагӀех кӀелхьарваккхахьа со, сол нуьцкъала бу-кх уьш.

[7] Боданера сан са арадаккхахьа, Хьайн цӀе соьга язъяйта. Суна гонах Делан лаамехь берш гуллур бу, Ахь Хьайн дика болх суна бина дела.

Забур — Chapters