Skip to content
Opens in a new window

[1] Хьалхалерчу заманахь Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш сийсаздахийтина хиларе терра, тӀейогӀуш йолчу хенахь хӀордйистера некъ шена тӀехь болу мохк – Йордан-хил дехьа болу мохк а, кхечу къаьмнех болчу нехан болу Галилай-мохк а – сий дина хир бу.

[2] Боданехь леллачу халкъана йоккха серло гира! Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!

[3] Веза Эла, Ахь дебийна и халкъ, Ахь алсамдаьккхина цуьнан хазахетар. Хьуна хьалха, ялта чудерзош санна, хӀонс йоькъуш санна, самукъадолуш ду иза.

[4] ХӀунда аьлча Ахь кагдина дӀадаьккхина цунна хало йина долу дукъ а, цуьнан белшаш тӀе йиттина Ӏаса а, цунна ницкъ бинчун гӀаж а, маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра.

[5] ТӀом бинчу тӀемалойн ерриг а мачаш яго цӀерга тосур ю. ТӀамехь цӀийх юьзна ерриг а бедарш цӀеро дӀакхоллур ю.

[6] ХӀунда аьлча вайна бер дина – кӀант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тӀехь. Цунна цӀе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла.

[7] Цуьнан олалла дӀасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тӀаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тӀехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дӀа а хӀоттийна, цунна тӀехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хӀинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза.

[8] Хьалдолчу Эло таӀзар до Якъубан тӀаьхьенна, исраилхошна хуьлу и таӀзар.

[9] Цунах лаьцна хуур ду берриге а исраилхошна – Эпрайман тайпанна а, Шамран-гӀалин бахархошна а. Цу наха кураллица а, ца башарца а боху:

[10] «Кибарчигаш охьаэгна, ткъа оха хьаькхна тӀулг хьалабуттур бу. Инжиран дитташ охьадетта, ткъа оха тоьлла долу кхин дитташ дугӀур ду».

[11] Рицанан мостагӀий Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалбехира, ткъа Исраилан мостагӀий иракарахӀиттийра Рицанна тӀелата.

[12] Арамхой малхбалера тӀелетира, пӀелаштамхой малхбузера тӀегӀоьртира, ткъа схьайиллинчу батошца цара Исраилан мохк дӀакхаьллира. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.

[13] Амма халкъ шена Йиттина Волчунна тӀе ца дирзина, массо а ницкъийн Веза Эла ца лехна цо.

[14] Везачу Эло Исраилан халкъан корта а, цӀога а дӀахадор ду, хурма-диттан га а, эрз а цхьана дийнахь дӀабоккхур бу.

[15] Воккханиг а, цӀе яхана верг а, – иза корта бу, харцо Ӏамош волу пайхамар – иза цӀога ду.

[16] Тхьамданаша и халкъ нийсачу новкъахула ца дуьгу, цара дӀабуьгурш туьлуьйтуш бу.

[17] Цу халкъа юкъара кегийрачу нахах воккхавийр вац Веза Эла, байх а, бисина Ӏачу зударех а къинхетам бийр бац Цо, хӀунда аьлча уьш берриш а Ӏесанаш а, зуламхой а бу, церан баганаша сонталла юьйцу. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.

[18] Харцо цӀерах тера ю, цо, марсйолуш, коканан а, кӀохцалан а коьллаш ягайо, юха луьстачу хьуьна юккъе кхочу иза, кӀур стигала хьала а болуьйтуш.

[19] Массо а ницкъийн Везачу Элан дералло махках цӀе тосу, ткъа халкъ цӀеро дӀакхоллу. Стаг шен ваша кӀелхьарваккха а ца хьожу.

[20] Нах, аьтту агӀор кхевдича а, меца буьсур бу, аьрру агӀор кхевдича а, меца буьсур бу. ХӀора а шен гергарчунна тӀелетар ву.

[21] Маннашан тайпано Эпрайман тайпанна дуьхьал тӀом бийр бу, Эпрайма Маннашана дуьхьал, юха и ши тайпа ЯхӀудана дуьхьал летар ду. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters