[1] Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна ЯхӀуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна сурт хӀоьттира. Цо иштта хаам бора:
[2] ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цӀа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дӀахӀоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тӀе дерриг а халкъаш оьхур ду.
[3] Дуккха а халкъаш тӀедогӀур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тӀе а, Якъубан Делан цӀа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТӀаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХӀунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тӀера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.
[4] Цо къаьмнашна юкъахь маслаӀат дийр ду, дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТӀаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тӀе тур ойур дац. Уьш тӀом бан кхин Ӏемар бац.
[5] Яло, Якъубан тӀаьхье! Везачу Элан серлонехь лелар ду вай.
[6] Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тӀаьхье, дӀа ма тесна, хӀунда аьлча нах малхбалера долчу Ӏадатех буьзна бу, пӀелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тӀекаре ю церан.
[7] Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дӀалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гӀудалкхаш а ю.
[8] Цуьнан латта цӀуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Ӏибадат деш бу и нах.
[9] ХӀора адамо царна хьалха ша лахдо, хӀора стаг царна охьатаьӀа. Царна геч ма дехьа!
[10] Хьехашна чу а гӀой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а.
[11] Стеган лакхара хьажар охьатаӀийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ.
[12] Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догӀур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаӀор бу.
[13] И де догӀур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а,
[14] дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а,
[15] муьлххачу а лекхачу бӀаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а,
[16] Таршашан дерриге а хӀордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а.
[17] Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаӀийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ,
[18] ткъа цӀуш гуттаренна а дӀабевр бу.
[19] Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача.
[20] Цу дийнахь стага ша Ӏибадат дан бина дато а, дашо а цӀуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дӀакхуьйсур бу,
[21] тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача.
[22] Стагах бӀобулий ма Ӏе – мерӀуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тӀетовжа йиш юй ткъа?