Skip to content
Opens in a new window

[1] Хьажал, Везачу Элан куьг шу кӀелхьар ца даххал доца дац. Цуьнан лерг шу ца хаззал къевлина дац.

[2] Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дӀаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза!

[3] ХӀунда аьлча шун куьйгаш цӀийно бехдина ду, шун пӀелгаш – къиноша. Шун баганаша харцдерг дуьйцу, шун матто зуламениг дуьйцу.

[4] Бакъдолчуьнгахьа цхьаммо а аз ца айдо, нийсонца гӀуллакх цхьаммо а ца къастадо. Даьссачу дешнех а доьзна, цара харцдерг дуьйцу, зуламе хӀума дола а дой, бохам боккху.

[5] Лаьхьанан хӀоаш тевна дохкий а Ӏа, маша а бузу цара. Церан хӀоаш диънарг лийр ву, нагахь уьш дохадахь, царна чуьра лаьхьа арабер бу.

[6] Церан бедаршна маша пайденна бац, шаьш динарг тӀедухалур дац цаьрга. Церан гӀуллакхаш харцонан гӀуллакхаш ду, ницкъбар ду цара лелош дерг.

[7] Зуламна тӀебовду церан когаш, бехк боцучун цӀий Ӏано сихло уьш. Ӏеса ю церан ойланаш, дохор а, хӀаллакьхилар а ду церан некъаш тӀехь.

[8] Машаран некъ царна ца бевза, нийсо яц уьш лелачохь. Церан некъаш ситтина ду, царна тӀехула воьдучунна цхьанна а машар ца бевза.

[9] Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тӀе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тӀебогӀу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Ӏаьржачу боданехь лела.

[10] БӀаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бӀаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркӀажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай.

[11] Черчий санна, Ӏоьху вай, кхокхарчаша санна, узарш до. Нийса кхел яре хьоьжу вай, амма иза яц, кӀелхьардовларе сатуьйсу, амма иза вайна генахь ду.

[12] ХӀунда аьлча Хьуна хьалха тхан зуламаш дукха ду, тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла до. Оха дина зуламаш тхоьца ду, тхайн харцонаш тхуна евза.

[13] Веза Эла волчу Хьуна дуьхьал а девлла, Хьо Ӏехийра оха. Тхайн Делах дӀадирзира тхо. Ницкъбарх а, аьрхаллах а лаьцна дуьйцу оха. Тхайн дегнашкахь кхоьллина харц дешнаш арадовлуьйту оха.

[14] Бакъдерг лелор юхатеттина ду, ткъа нийсо генахь лаьтташ ю, хӀунда аьлча билггала дерг урамашкахь тасаделира, ткъа хьаналла чу ца ян елира.

[15] Билггала дерг цхьанхьа а карош дац, ткъа зуламна гена ваьллачунна бохам хуьлу. Везачу Элана гира иза, ткъа Цунна тамехь дацара нийсо цахилар.

[16] Цунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гӀо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кӀелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гӀо дора Цунна.

[17] Цо Шена тӀе, гӀагӀ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тӀе кӀелхьардаккхаран гӀем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тӀеоьллира, дог иракарахӀотторца Шен дегӀ хьулдира.

[18] Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагӀашна бекхам бийр бу, хӀордан йистерчу халкъашна а царна доггӀург дӀалур ду.

[19] Малхбузехь Везачу Элан цӀарах нах кхералур бу, ткъа малхбалехь – Цуьнан сийлаллех. Сиха догӀу хи санна, схьавогӀур ву Иза, Везачу Элан хӀоно дӀаэккхош волу.

[20] «Цийонна а, зулам лелорна тӀера дӀайирзинчу Якъубан тӀаьхьенах болчарна а ПаргӀатбохург вогӀур ву, – боху Везачу Эло. –

[21] Сох лаьцна аьлча, цаьрца болу Сан барт хӀара бу, – боху Везачу Эло. – Сан Са а, хьуна тӀехь долу, Сан дешнаш а, Ас хьан бага дехкина долу, хьан багара а, хьан берийн а, церан тӀаьхьенийн а багара хӀинца дуьйна абаденналц дӀадевр дац», – боху Везачу Эло.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters