Skip to content
Opens in a new window

[1] Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».

[2] Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус:

[3] «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа, Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, со Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.

[4] Юха Везачу Элан дош кхечира ЕшаӀ-ЯхӀуга:

[5] «Хьузакх-ЯхӀу волчу а гӀой, иштта дӀаала цуьнга: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Ас хьан дахарна тӀе пхийтта шо хан тухур ю.

[6] Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Ас, гӀала лар а йийр ю’“.

[7] Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан хӀара билгало ю хьуна.

[8] „Ахьаз-паччахьо бинчу лами тӀера маьлхан ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадоккхур ду Ас“, – боху Везачу Эло». Ша чубаханчуьра итт тӀегӀанна юхабелира малх.

[9] ХӀара ду яхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус, цамгарх ша товелча, дӀаяздинарг:

[10] «Ас аьллера сайга: „Сайн дахаран тоьллачу хенахь Ӏожаллин кевнах чекхвала везаш ву со. Дахаран дисинчу шерех дӀахаьдда ву со“.

[11] Ас аьллера: „Дийначийн лаьтта тӀехь кхин гур вац суна Веза Эла. Дахар дӀахедош долчу дуьнен тӀехь кхин цкъа а адам гур дац суна.

[12] Сан дахар сох дӀадоккхуш ду, дӀадоккхуш долу жаӀуйн четар санна. КӀадидархочо санна, сан оьмар карчийна ас. КӀади дечу чарха тӀера дӀахададо кӀади санна, Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана, Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхачале.

[13] Сахиллалц хьоьжуш Ӏийра со, лоьмо санна, Цо кегйора сан даьӀахкаш. Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана, Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхаччалц.

[14] ГӀаргӀулин а, чӀегӀардиган а санна дара сан аз. Кхокхано санна, сагатдора ас. Сан бӀаьргаш гӀийла стигала хьоьжура. Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“

[15] ХӀун эр ду ас? Везачу Эло ала а элира, Цо иза дан а дира. Сайн дахаран дерриг а шерашкахь собарца лелар ву со, сайн са чохь хилла бала дагахь а латтош.

[16] Хьалдолу Эла, Хьан дешнашца Ӏаш ма бу нах, сан синан дахар Ахь мел дечуьнца доьзна ма ду. Ахь со товеш ву, Ахь суна дахар а лур ду.

[17] Сайн боккхачу баланах суна дика болх хили. Хьайн безамца Ахь эрналлин Ӏинах ларви со. Сан къинош Хьайна тӀехьа тийси Ахь.

[18] ХӀунда аьлча эхарто ца хаставо Хьо, Ӏожалло Хьуна хастам ца бо. Коша чу бирзинчеран дегайовхо яц Хьо царна тешаме хиларх.

[19] Дийна волчо бен Хьо хастор вац, ас Хьо хӀинца хаста-ма-варра. Дайша шайн берашна дуьйцур ду Хьан тешаме хиларх лаьцна.

[20] Везачу Эло со кӀелхьарвоккхур ву. Мерзаш долу пондарш а лоькхуш, оха хастор ву Хьо. Тхаьш дийна мел ду, Везачу Элан цӀа долчохь Иза хастор ву оха».

[21] ЕшаӀ-ЯхӀус аьллера: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эций, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейилла, тӀаккха паччахь товийр ву».

[22] Ткъа Хьузакх-ЯхӀус хаьттинера: «ХӀун билгало хир ю, со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аьлла?»

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters