[1] Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тӀехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дӀакхетар бу, Якъубан тӀаьхьенах хотталур бу уьш.
[2] Къаьмнаша исраилхошна гӀо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тӀаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тӀехь, леш а, гӀарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хӀинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гӀело йиначарна тӀехь цара хӀинца олалла дийр ду.
[3] Везачу Эло хьайн баланах а, гӀайгӀанах а, луьрачу лоллех а хьо, Исраилан халкъ, кӀелхьардаьккхинчу дийнахь,
[4] Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь: «Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дӀа ма сецна!
[5] Ӏесачу паччахьийн олалла гойту гӀаж Везачу Эло кагйина.
[6] Оцу олахоша шайн оьгӀазаллица халкъашна ца соцуш тухура, шайн дераллица къаьмнаш муьтӀахь дора, царна ницкъ бар юха а ца узуш.
[7] Дерриге а дуьнен тӀехь машар а, сашорте лаьтта. Массара а хазахетарца маьхьарий детта.
[8] Баганан диттийн хьо дӀаваларх самукъадолу, ткъа Ливанунера дитташа хазахетарца боху: „Хьо дӀакхелхинчул тӀаьхьа, цхьа а ца вогӀу тхо, хедош, охьадетта“.
[9] Лахахь долу эхарт карзахдаьлла, хьуна, цига лаха хью ваьлча, дуьхьалхӀоттархьама. Хьуна лерина, цо беллачийн синош самадаьхна – дуьнен тӀехь баьччанаш хилла болчийн синош. Кхечу къаьмнийн паччахьаш хилларш шайн гӀанташ тӀера гӀиттийна цо.
[10] Цара бохур ду хьоьга: „Тхо санна гӀорасиза висина хьо а! Тхох тар ма велла хьо!“
[11] Дечиг-пондарш лакхарца хьо лакхаваккхар хӀинца лахахь долчу эхарта чукхоьссина ду. Хьуна кӀелахь а, мотт-гӀайба хилла, нӀаьний хир ду, хьуна тӀехула а, юргӀа хилла, нӀаьний хир ду.
[12] Стигалара охьа ма воьжна хьо, Ӏуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг!
[13] Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гӀант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тӀехь охьахуур ву со.
[14] Стигалан Ӏаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дӀатарлур ву со“.
[15] Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Ӏинан бухе кхаьчна.
[16] Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тӀе кхерам тийсинарг,
[17] гӀаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цӀа ца хецнарг?“
[18] Къаьмнийн кхиболу паччахьаш берриш а сийлаллица Ӏохкуш бу, хӀора а шен къубба чохь Ӏуьллуш ву.
[19] Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Ӏоьттинчарна а, Ӏинан тӀулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Ӏуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду.
[20] Вукху паччахьех дӀакхетар вац хьо кошахь, хӀунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хӀаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тӀаьхье.
[21] Цуьнан кӀентий байа меттиг кечъе. Уьш хӀаллакбийр бу церан дайн къинош бахьана долуш. Цаьрга, гӀовтта а гӀевттина, латта дӀа ма лацийта, дуьне гӀаланех хьала ма дузийта».
[22] «Царна дуьхьал гӀоттур ву Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Бавелан халкъан цӀе а йойур ю, ерриг а тӀаьхье а, кӀант а, кӀентан кӀант а хӀаллаквийр ву, – боху Везачу Эло. –
[23] Бавел зуьнашна дӀалур ю, цигахь уьшал хӀоттор ю. Ондачу девзагца хьаькхна дӀайоккхур ю Аса иза», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
[24] Массо а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Аса ойла ма-ярра хир а ду, Аса сацам ма-барра, кхочуш а хир ду.
[25] Сайн махкахь ашурхой хӀаллакбийр бу Аса, Сайн лаьмнашкахь уьш хьошур бу Аса. Ашурхойн дукъ Сан халкъана тӀера дӀадер ду, церан белшаш тӀера беза мохь а дӀабер бу».
[26] Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тӀехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду,
[27] хӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дӀадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду?
[28] Ахьаз-паччахь веллачу шарахь Делера болу иштта хаам кхечира:
[29] «Доккхадеш ма хила, пӀелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гӀаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дӀаьвше кӀорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хӀоьах кхераме саьрмик хир ма бу.
[30] Мискачарах уггар кӀезиг берш, жа санна, бежаш хир бу, ткъа къенаш, уьстагӀий санна, кхерам боцуш Ӏохкур бу, амма шун орам, мацалла а хӀоттийна, хӀаллакбийр бу Аса, ур-атталла цунах кӀелхьарваьлларг а лийр ву.
[31] Делха, гӀалин кевнаш! Орца даккха, гӀаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пӀелаштамхой! Къилбаседера, кӀур а гӀаттийна, эскар догӀу, цхьа а гӀийланиг вац цу бӀаьна юкъахь.
[32] ПӀелаштамхоша бахкийтинчу геланчашка хӀун эр ду? Оха эр ду: „Везачу Эло Цийон-гӀала чӀагӀйина дӀахӀоттийна, ткъа цу чохь Цуьнан халкъана юкъара гӀело хьегначарна дӀалечкъийла карор ю“».