[1] ЛадогӀа хӀокхуьнга, Якъубан цӀа, ЯхӀудана тӀера схьадогӀуш долу Исраилан тӀаьхье хьайх олуш долу. Ахьа Везачу Элан цӀарах дуй а боу, Исраилан халкъан Везачу Далла Ӏамал а йо – бакъдолчуьнца а, нийсонца а иза ца дахь а.
[2] Аша шаьш езачу гӀалех схьадевлла а, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, Исраилан халкъан Везачу Делах дозуш ду а боху.
[3] Везачу Эло боху Исраилан халкъе: «Дуккха а хьалха дуьйцура Ас хин долу хӀуманаш. Сан багахула царах лаьцна Ас бохура, нахана Ас уьш дӀахозуьйтура. ЦӀеххьана Со лела волавелира, ткъа и хӀуманаш кхочушхуьлура.
[4] Суна хаьара, хьо къар ца луш дуйла а, хьан вортана тӀера пхенаш аьчка а, хьаж цӀестан дуйла а.
[5] Цундела Ас хьалххе дӀакхайкхадора хьоьга, хиндерг хилла далале. Хьан ала йиш ца хилийта: „И хӀуманаш сан цӀуша дина ду. Дечиган я лалийначу сан суьрто сацам бира и хӀуманаш хилийта“.
[6] Хьуна хезна и дерриг а, хьажал цу тӀе! Ахьа тӀе ца лоцу иза? ХӀинца дуьйна Ас керлачу хӀуманех лаьцна дуьйцур ду хьуна. Ас йовзуьйтур ю хьуна хьалха ца евзина йолу къайленаш.
[7] Тоххара дуьйна дац, уьш хӀинцца кхоьллина ду. ХӀинццалц царах лаьцна хьуна ца хезна. Цундела хьан ала йиш яц: „ХӀаъ, уьш хууш дара суна!“
[8] Хьуна иза хезна а дац, цунах хууш хӀумма а дац. Хьан лергаш хьалха схьадиллина дацара. ХӀунда аьлча Суна хаьара, хьо мел ямарта ву, ненан кийрара схьаваьлчхьана дуьйна, дуьхьалваьлларг ю хьан цӀе.
[9] Сайн цӀе бахьана долуш, Ас юхайоккху Сайн оьгӀазалла. Суна болу хастам бахьана долуш, хьо хӀаллак ца ван Со сецаво Ас.
[10] Хьажал, хьо цӀанъярхьма Ас лалийна хьо, амма дети санна ца лалийна хьо. Ас зийра хьо баланийн кхерчахь.
[11] Аса Сайн дуьхьа до иза – Сайн цӀе емалйойтур яц Ас, Сайн сийлалла цхьанна а дӀалур яц».
[12] Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхье, Исраилан халкъ, Ас тӀекхайкхина долу! Со – волуш волу Дела ву, Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву!
[13] Сан куьйгаша кхоьллина латта, Сан аьтту куьйго дӀасаяржийна стигалш. Ас латта а, стигал а тӀекхайкхича, уьш Суна хьалха хӀуьттур ду.
[14] Схьа а гуллой, ладогӀа, аш массара а! ЦӀушна юкъара хьан аьлла кху хиндолчух лаьцна? Везачу Эло хаьржинчу стага Бавелна дуьхьал йолу Цуьнан Ӏалашо кхочушйийр ю. Хашадхошна тӀехь Шен ницкъ гойтур бу цо.
[15] Со цхьаъ ву вистхилларг а, цуьнга схьакхайкхинарг а. Со ву – иза схьавалориг, цуьнан аьтто хир бу ша арабаьккхинчу новкъахь.
[16] ХӀинца, Суна улло тӀе а дуьйлий, ладогӀа Ас бохучуьнга. Хьалхе дуьйна а ас къайлаха ца дуьйцура. ХӀара хила доладелчхьана а, Со цигахь ву», – иштта боху Везачу Эло, ткъа хӀинца Хьалдолчу Эло ваийтина со Шен Синца.
[17] Иштта боху Везачу Эло, хьо КӀелхьардоккхучо а, Исраилан халкъан Везачу Дала а: «Со Веза Эла ву, хьан Дела, хьуна пайденна дерг Ӏамош волу, хьо ваха везачу новкъа дӀавуьгуш волу.
[18] Ас деш долу омранаш ахь тидаме оьцуш делахьара! ТӀаккха хьан синтем дӀадоьду хи санна хир бара, хьан нийсо хӀордан тулгӀенаш санна хир яра.
[19] Хьан тӀаьхье хир яра гӀум санна дукха, хьох схьабевлларш – гӀамаран буьртигаш санна. Церан цӀе цкъа а йовр яцара, Суна хьалха уьш дӀахедар бацара».
[20] Бавелера арадовла, хашадхойх дӀадовда! Хазахетаран маьхьаршца дӀакхайкхаде иза, массо меттехула дӀасабаржабе и кхаъ: «Везачу Эло мах баларца паргӀатъяьккхина Шен ялхо йолу Якъубан тӀаьхье!» – алий.
[21] Везачу Эло Шен халкъ яьссачу аренехула дӀадуьгучу хенахь, наха хьогаллина бала ца лайна. Дала тархах хи даьккхина царна. Цо тарх екъча, хи охьадоладелла.
[22] «Ӏесачарна машар хир бац», – боху Везачу Эло.