Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀедуьйла, массо а халкъаш, ла а дугӀуш! Тидам бе, къаьмнаш! Лаьттана а, дерриг а цунна тӀехь долчунна а, дуьненна а, дерриг а цунна чохь долчунна а дӀахезийла!

[2] Веза Эла массо а халкъана оьгӀазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хӀаллакбан билгалбехира, уьш байа дӀабелира.

[3] Церан байинарш дӀасакхиссина хир бу, церан декъашна тӀера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цӀийно.

[4] Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тӀера чудужу гӀа санна а, инжиран дитта тӀера маргӀалдоьлла гӀа санна а, чудужур ду.

[5] Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хӀаллакден долчу а Эдоман халкъана тӀедуссуш ду иза».

[6] Везачу Элан тур цӀийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Ӏахарийн а, бежалойн а цӀийх дузур ду, уьстагӀийн жаннаш тӀерачу махьарх а дазлур ду иза. ХӀунда аьлча Бацар-гӀалахь сагӀа даккхар а, Эдоман лаьтта тӀехь, доккха цӀий Ӏанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан.

[7] Цаьрца цхьаьна бугӀанаш а, старгӀанаш а, стерчий а охьаоьгур ду, церан цӀий лаьттах чекхдер ду, церан махьаро чан яшор ю.

[8] Везачу Эло бекхам баран де а, мостагӀех акхаран шо а билгалдаьккхира. Цийонан гӀуллакх лардийр ду Цо.

[9] Эдоман хих силам хир ду, цуьнан чан саьмгал хилла дӀахӀуттур ю, ткъа лаьттах догуш долу силам хир ду.

[10] Дийнахь а, буса а дӀа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кӀур хир бу цунна тӀера хьалаоьхуш. Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенехь дӀатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гӀур вац цунна тӀехула дӀа.

[11] Куьйранаша а, зуьнаша а дӀалоцур ду и латта, ткъа бухӀанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу.

[12] Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тӀехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дӀабевр бу.

[13] КӀохцалш долу коьллаш дезачу цӀеношкахь кхуьур ю, баьӀаша а, нитташа а гӀепаш къайлайохур ю. ЧангӀалкхаш а, бухӀанаш а Ӏийр ю цигахь.

[14] Яьссачу аренан акхарой акхачу жӀаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Ӏоьхуш. Буьйсанан гӀаларташ хир ду цигахь садоӀуш а, шайна синтем лоьхуш а.

[15] БухӀано, бен а бина, тевна хиъна, хӀоаш дохур ду цигахь. Ша даьхна кӀорнеш шен тӀемийн ӀиндагӀехь лардийр ду цо. Маккхалш а гуллур ю цигахь цхьаъ вукхунна тӀаьххье.

[16] Везачу Элан тептар тӀехь схьа а лахий, дӀадеша: оцу акхаройх цхьа а цигахь йоцуш хир яц, ткъа цхьа а стен дийнат боьршаниг доцуш хир дац, хӀунда аьлча Цо Ша омра дина, Цуьнан Сино схьагулдийр ду уьш цхьаьна.

[17] Цо Ша тесна царна кхаж, Цуьнан куьйго шен барамца декъна царна. Массо а хенахь цара дола дийр ду цу лаьттан, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь цунна тӀехь Ӏийр ду уьш.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters