Skip to content
Opens in a new window

[1] «ГӀаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тӀехула хьала ма яьлла!

[2] Хьажал, бодано латта дӀахьулдийр ду, халкъаш а Ӏаьржачу боданна кӀел гӀур ду, амма хьуна тӀехула Веза Эла садаржаран серлонехь гӀоттур ву, Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тӀехь.

[3] Хьан серлонна тӀе халкъаш догӀур ду, паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тӀе.

[4] Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тӀебогӀуш бу. Хьан кӀентий генара схьабогӀуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш.

[5] ТӀаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХӀордан хьал хьан карадогӀур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тӀе доьрзур ду.

[6] Эмкалийн ковранаша дӀалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Ӏейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а дахьаш, йогӀур ю. Везачу Элан сийлахь гӀуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха.

[7] Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду, набуятихойн коьмаша хьан гӀуллакх дийр ду. СагӀа доккху Сан кхерча тӀехь тамехь долу сагӀа хир ду царах, иштта Сайн исбаьхьаллин цӀийнан сийдийр ду Ас.

[8] Мархаш санна а, шайн баннаш тӀе доьлху кхокхарчий санна а, тӀемаяьлла йоьдург хӀун ю?

[9] Иштта, Соьга хьоьжуш хӀордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хӀордкеманаш ду, генара шун кӀентий цӀа балош догӀуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хӀунда аьлча Цо хьан сий айина.

[10] Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гӀуллакх дийр ду. Со оьгӀазвахча, Ас таӀзар дора хьуна, амма хӀинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со.

[11] Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду, уьш дийнахь а, буса а дӀакъовлур дац, халкъийн хьал хьуна чудаийта а, церан паччахьаш схьабалабайта а.

[12] Ткъа хьуна гӀуллакх ца до пачхьалкхаш а, халкъаш а чекхдовллалц хӀаллакдийр ду.

[13] Ливанун-махкара сийлахь дитташ – зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний – хьуна схьадахьар ду. Цаьрца хаздийр ду Сан деза цӀа, тӀаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган.

[14] Хьуна гӀело йиначеран кӀентий, муьтӀахь хиларца хьо йолчу а баьхкина, хьан когашка охьаоьгур бу. Хьох ца бешаш хиллачара хьох эр ду Везачу Элан гӀала а, Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а.

[15] Хьо дӀатесна а, ца езаш а, цхьа а хьуна чухула чекх а ца волуш хиларан метта, Ас йийр ю хьох гуттаренна а исбаьхьалла а, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка хазахетар а долу гӀала.

[16] Халкъаша а, паччахьаша а юзор ю хьо, нанас дакхош долу бер санна. Хьуна хуур ду Веза Эла волу Со, хьо КӀелхьарйоккхург а, хьо мах баларца ПаргӀатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла.

[17] ЦӀастанан метта, Ас деши дахьар ду хьуна, эчиган метта, дети а, дечиган метта, цӀаста а, тӀулгийн метта, эчиг а дахьар ду. Машар хир бу хьан куьйгалхо, нийсо хир ю хьан тӀехьожург.

[18] Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тӀехь, дохор а, хӀаллакдар а – хьан дозанашкахь. Хьайн пенех ахь КӀелхьарвалар эр ду, ткъа хьайн кевнах – Хастам.

[19] Хьуна дийнахь серло луш малх а кхин хир бац, батто буьйсанна шен нур а лепор дац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш, хьан Дела хир ву хьуна исбаьхьалла хилла лаьтташ.

[20] Хьан малх цкъа а дӀабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду.

[21] Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгӀна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду.

[22] КӀезигчух эзар адам схьадер ду, уггар гӀийлачух – онда халкъ. Со ву Веза Эла. Шен хеннахь Ас сихдийр ду иза хилийта».

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters