[1] Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тӀехь.
[2] Бешара латта а аьхкина, тӀулгаш дӀа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгӀира Цо цига. Цул тӀаьхьа беша юккъехь бӀов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Ӏийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира.
[3] Ткъа хӀинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхӀуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гӀуллакх къастадейша.
[4] Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хӀун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Ӏаш хилча, муьста кемсаш хӀунда елла цо?
[5] Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дӀайоккхур ю Аса, тӀаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тӀаккха иза массара а хьоьшур ю.
[6] Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тӀаккха цу тӀехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тӀе догӀа ма даийта аьлла».
[7] Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхӀудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира.
[8] Къа ду шун, цӀенна тӀе цӀа а, аренна тӀе аре а оьцучеран. Кхечарна меттиг ца юьту аша, шаьш бен хӀокху лаьтта тӀехь доцуш санна.
[9] Сан лергашна хезаш берриг а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Дуккха а долу и цӀенош даьсса хир ду, даккхий а, хаза а долу уьш чохь Ӏаш нах а боцуш хир ду.
[10] Итт шуьстане цхьана дийнахь ахалучу аренал йолчу кемсийн бешо цхьа черма чагӀар бен лур дац. Пхи гали дӀадийначу хӀуьно цхьа мазал кӀа бен лур дац».
[11] Къа ду, Ӏуьйранна хьалххе мала йий лаха хьала а гӀевттина, чагӀаро шаьш дох а деш, сарралц Ӏийначийн.
[12] Церан тойнашкахь тайп-тайпанара дечиг-пондарш а, жиргӀанаш а, зурманаш а, иштта чагӀар а ду. Амма Везачу Элан гӀуллакхашка ца хьовсу уьш, Цуьнан куьйгаша мел дийриг царна ца го.
[13] Иштта, сан халкъ йийсаре гӀур ду, Везачу Эло дечух уьш ца кхетарна. Сан халкъан баьччанаш мацалла лийр бу, ткъа халкъах кхиберш хьогах лийр бу.
[14] Эхарто, шор а делла, барам боцуш шен бага гӀаттор ю. Халкъан баьччанаш а, кхиберш а, церан гӀовгӀа а, дерриг а самукъадоккхург а цу чу охьадуссур ду.
[15] Нах лахбийр бу, адамаш охьатаӀор ду, ткъа курачийн бӀаьргаш а охьахьовсуьйтур бу.
[16] Ткъа массо а ницкъийн Веза Эла вазвийр ву Цо нийсо лелош хиларца, Везачу Дала бакъдерг лелорца Шен возалла гойтур ду.
[17] Шайн дежийлашкахь санна, Ӏахарий дежар ду, ткъа хьолахоша дӀатесначу боьхначу бахамашкахь хийрачу наха хӀума кхоллур ю.
[18] Харцонийн машшашца шайна тӀаьхьа къа кхоьхьучеран а, гӀудалкхийн доьхкаршца санна, зулам шайна тӀеийзочеран а къа ду.
[19] Цара боху: «Дела сихлойла, Ша аьлларг Цо сиха кхочушдойла, вайна иза гархьама. Схьакхочийла иза, Исраилан халкъан Везачу Делан сацам кхочушбойла, вайна иза хаархьама!»
[20] Къа ду вонах дика ду а, диканах вон ду а олучийн, царна боданах серло а, серлонах бода а тарло, къаьхьаниг мерза а, мерзаниг къаьхьа а хета!
[21] Къа ду шаьш шайна хьекъал долуш а, кхетам болуш а хетачийн!
[22] Къа ду чагӀар мала майрачийн а, чӀогӀа малар кечдан говзачийн а.
[23] Цара харцверг бакъво, шайна кхаьънаш делча, ткъа догцӀеначарна нийсаниг дан ца магадо!
[24] ЦӀеро ча дӀакхаллар санна а, екъа буц цӀеран алунашкахь дӀаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дӀасадер ду, хӀунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш.
[25] Цу бахьаненна Везачу Эло оьгӀазалла Шен халкъана тӀе йоссор ю, Цо, тӀе куьг а кховдийна, таӀзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Ӏохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дӀакховдийна лаьтташ хир ду.
[26] Дала генарчу халкъашна байракх хьалаойур ю, лаьттан йистошкахь Ӏачарна билгало лур ю. Хьажал, мостагӀа сиха а, атта а схьакхочуш ву!
[27] Царна юкъара цхьа а кӀад ца ло, цхьаннан а ког а ца тасало. Царах цхьанна а наб оза ца йо, цхьа а ца тхьаьвса. Цхьаммо а гӀодаюкъ а ца йосту, цхьаннан а мачийн бахтар а ца хеда.
[28] МостагӀчун пхерчий ира ду, Ӏедаш дуьйлина ду, цуьнан говрийн бергаш мокхазах тера ю, гӀудалкхийн чкъургаш, мох санна, хьийзаш ю.
[29] Цо яьккхина гӀовгӀа лоьман санна ю, цо до гӀигӀ къоначу лоьмийн Ӏахарх тера ду. МостагӀчо, гӀигӀ а деш, бовда гӀерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац.
[30] Оцу дийнахь марсбаьллачу хӀордо ен гӀовгӀа санна лаьтта тӀехь мостагӀа гӀергӀаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дӀакхоллур ю.